Цигара йухаберза безара хӏорш новкъабохурш. Хӏор а минотехь гергагӏертара къаста деза хан. Лакхо ваьлча, некъана йуьстахъхӏоьттина лаьтташ ши говр йужу гӏудалкх гира Васална. Цунна уллохь кхоъ стаг лаьттара: шиъ – ламанхойн духарца, важа – муьжгийн духарца.
Андрей а, Корней а вара цигахь лаьттарг. Селхана Оьрза-Гӏала веанчу Данчӏехула хиънера царна Гати-Юьртара шайн доттагӏий Турце дӏакхелхаш хилар. Сийсара тӏаьххьа цӏера арабевлла уьш, мел сихбаларх а, хӏорш йуьртах бовлале ца кхиира кхуза.
Уггар хьалха ӏелина бевзира уьш.
– Дӏахьажахьа, Аьрзу! – воккхаверан мохь белира цуьнан. – Андри веана!
– Корни а ву!
– Дӏогахь Яку а лаьтта!
Цхьамма омра дича санна, говраш хьалхахьа хийцира наха. Дукха хан йалале доттагӏийн мара бахара уьш.
– Оххӏай, ма дика ду шу даьхкина!
– Дагӏа-м догӏура, амма гур ца моьттура!
– Ткъа шу? Къайлаха дӏадаха дохкурий-ц!
– Цӏахь хӏун ду? Доьзалш могаш буй?
– Наташ, Маруса муха йу?
– Далла бу хастам. Со тешац-кх хӏинца а. Баккъал а, дӏадоьлху шу, Маккхал?
– Хӏаъ, Андри, дӏадоьлху.
– ӏела, мичахь йу Айза? – хаьттира Корнейс.
– Цӏахь йисина.
– И хӏун ду?
– Божарий бу кхелхарш. Зударий цӏахь буьсу.
– Берриг шайн доьзалшца бу, ткъа хьайниг?
– Сов мохь хир бу некъахь.
– И хӏун ду ахь дуьйцург?
– Йитина ас иза. Дӏакхаьчча, турко йалор йу ас.
Хьерваьллачу стаге санна, ӏелега хьаьжира Корней.
– Соьца забарш ма йелахь. Цул, дуьхьал схьаалал, сан йиша цӏахь йитина хӏунда воьду хьо?
Ӏела кӏажвахана велавелира.
– Цо ша витина со! – доттагӏ карзахвохура цо.
– Дика хьаха витина, – дӏа а вирзина, туй кхоьссира Корнейс. – Шен ирс, дера, ду цуьнан, хьо тентаках къаьстина. Хьекъале зуда йу. Ӏовдал хиллехь, цӏийнах йаьлла, шуьца дӏайогӏуш хир йара. Ма даахьа сан са, хӏунда йисина иза?
– Гуьйранна цӏа вогӏур ву со.
– И ша ду, – паргӏатваьлла, садаьӏира Корнейс.
Цхьацца-шишша вогӏуш, тӏегулбелира гатийуьртахой. Царна массарна а дика вевзара Андрей а, Яшка а. Дӏадаханчу шарахь шозза веанера и шиъ болх бан Гати-Юьрта. Нийсса ах болх маьхза бира. Къоьлла къикъбоьллачу наха а хӏун лур йара? Кхелхачеран ворданаш, марс-мангал, бел-шада, диг, кхийерш а цаьршиннан куьйгаша йина йа тойина йара.
– Дарасти, Андри!