бӏаьрхиш къайладаха санна, ира кортош кӏайчу мархашна йукъа а доьхкина, дӏатийнера нохчийн къоьжа лаьмнаш а. Генна охьа чуьра схьахезара бӏаьстенна дистинчу чехкачу Яьссино ден къора къурдаш. Коьрин доьхна дог хьаста гӏерташ санна, кортош лестош, когаш кӏел эсала техкара бес-бесара зезагаш.
Тӏаьххьара вовшашна мара а лилхина, дӏасакъаьстира кхелхина боьлхурш, бухабуьсурш. Шина а агӏорчийн дегнаш доьлхура, амма церан буьрсачу йаххьаш тӏехь и ца хаалора.
Некъ хьуьн чохь къайлаболлучохь дой йуха а хьовзийна, йуьртахошка тӏаьххьара бӏаьрг тоха цхьана минотана севцира дӏабоьлху береш. Кочара схьа а йаьхна, хӏаваэ хьала а лаьцна, цхьабосса кхузза шатлакхана тоьпаш кхоьссира цара.
Царна кхузза жоп делира, хӏолламаш дохкучохь хӏорш бӏаьргана гучуьра бовллалц, тӏаьхьахьуьйсуш, хӏиттина лаьттачу йуьртахоша…
Дӏа баькх-баьккхинчу когаца гена тӏаьхьайуьсучу дай баьхначу раьгӏнашка йуха а хьоьжуш воьдучу Коьрина шаьш Мичка тӏекхаьчна дохкучу хенахь дукъара охьа шайна тӏаьхьабогӏуш ченан кӏур гира.
Коьрина санна, и гина нах цецбевлла хьуьйсура урх тӏейиллина дой хецна шайна тӏаьхьабогӏучу берешка. «Хӏун дохьуш богӏу-те уьш?» – ойла йора хӏораммо а. Уьш гергагӏоьртича, нахана уггар хьалха шайн эвлара дой, тӏаккха царна тӏера береш а бевзира. Амма Коьрий, Чорий воцчунна цхьанне а ца бевзира берешна кхан доххала хьалхабогӏу сира дин а, цунна тӏехь ӏийриг а.
Иза Коьрин доттагӏ Симсарарчу Олдаман ӏаьлбаг вара.
Йухавирзича, некъ эгӏар бу бохург дицделла, шен карара сараг охьа а тесна, доттагӏчунна дуьхьалхьаьдира Коьра. Мох санна, чехка богӏучу динара, иза лагӏ ца беш, каде охьа а иккхина, цунна тӏехьаьдира бере.
– Коьра! – доттагӏ маракъевлира беречо. – Сайна а ца гуш хьо дӏавахана вели моьттуш, ма дог доьхнера сан!
– Хӏунда? Сайн даг чохь ас хьо дӏахьуш вуйла ца хаьа хьуна?
– Амма, хьуна тӏаьхьа ца кхиъча, со йуха-м воьрзур вацара, Хонкара кхаччалц дӏавеъна а!
Бераш шайн доттагӏчун некъ дика бан даьхканийла хиъча, уьш шайн дар-дацар ала а дитина, дӏабуьйлабелира нах.
Шаьш бисинчу кегийрхойн къамел доладелира.
– Эххар новкъавели-кх хьо, Коьра? – бохура ӏаьлбага, доттагӏчун куьг дӏа а ца хоьцуш.