– Сан йаккхий зӏенаш ма йу султанан гонаца. Кхиаме догдоху ас.
«Ванах, оцу нохчийн ма чӏогӏа бала кхаьчна-кх хьан, – даг чу иккхира Лорис-Меликовн. – Хӏун ду-те ахь дагалаьцнарг, дан мукъана а?»
Эххар а хаттаза ца ӏевелира иза.
– Нагахь, къайлаха дацахь, цхьана хаттарна жоп лохьа, – долийра цо, Кундуховс ма-дарра дуьйцур доцийла хуъушехь. – И бала хьайн коча эца хӏунда гӏерта хьо?
– Суна хӏун пайда хуьлу бохург ду-кх иза? – велавелира Кундухов, командующин бӏаьра а вогӏавелла. – Цхьа а тайпа! Нагахь сан дагахь дерг соьга кхочушдалахь, гӏаттамна кечло нохчий керлачу бохамах, йа, нийсса аьлча, хӏаллакьхиларх, ткъа правительство цаьрца керлачу тӏамах кӏелхьарйоккху ас.
«Цӏога а гуш, аьшпаш бутту ахь, цхьогал, – дагахь велавелира Лорис-Меликов. – Кӏус бен ца гуш, хьулваллалц нохчийн цӏийлахь ву хьо. Хӏинца, цӏеххьана царах хьуна къахетта аьлча, мила тешар вара?»
– Хӏета, хьайна хӏумма а ца доьху-кх ахь?
– Сан сайн дуьхьа хӏумма а дац, вайн йукъарчу гӏуллакхан дуьхьа ду. Нагахь, нохчийн уггар къармазечу декъана коьрте а хӏоьттина, сайн доьзалца цхьаьна со Турце вахча, правительствона доккха гӏуллакх дац иза? Цундела правительстве дехар хир ду сан цига дӏаваха сайна пурба далар а, сан мохк дӏаэцар а.
«Хӏуъу йелахь а, цхьа къайлаха ӏалашо йу хӏокхуьнан. Кху махкара дӏавала воллу. Амма – хӏунда? Хьо вагахьара жоьжахатин цӏергахь, и хьере нохчий сан кочара бевлчхьана. Турце кхелхинчу ах миллион ламанхочунна тӏаьххье цхьа хӏири вахарх, тхан хӏун галдолу».
– Дукха дуй хьан латта? – хаьттира Лорис-Меликовс, шена и дерриг а дика хуъушехь.
– Ши эзар бархӏ бӏе десятин. Тӏулгах доьттина цӏа а, гӏишлош а.
– Мел мах боьхур бу ахь хьайн именех?
– Лаххара а, шовзткъе пхи эзар сом.
«Нах ӏовдал белахьара, ма хьекъале стаг вара-кх хьо. Пхийтта эзар соьмал лакхара бац-кх цуьнан мах».
– Тӏаьххьара а, кхин цхьа дехар а дара сан, – бехкалвахана, командующига хьаьжира Кундухов. – Нагахь резаберш нислахь, соьца дӏакхалха хӏирашна бакъо йалар.
– Мел хир бу ишттанаш?
– Биъ-пхи эзар доьзал.
«Дела, эххар а сан доӏанна жоп дели-кх ахь! Нагахь хӏокху стага дагалаьцнарг кхиамца чекхдалахь, хӏара сан область уггар хьеречу талорхойх цӏанло!»