Ворданан ӏаьрчаш хьалаойъуш кӏелхӏоттийначу гажарх оьхкина йу ӏаьржа совра долчу батта чохь пийлан кӏомсаран кӏайн мукъ болу йоккха шаьлта, йеха гӏирмин мажар, хаза кечйина тапча. Тӏехула тӏе тиша истанг, чорда палс, ткъа уьш кхачазчу хьардаш а туьйсуш, го къевлинчу оцу ворданна кӏел гӏара йайна ӏа цуьнан шина кӏентан йалх бер а, несарий а. Жонсин йоккха стаг кхелхина цхьа кӏира хьалха. Ткъа ши кӏант тӏамехь воьжна-м дуккха а хан йу. Церан кешнаш Мичка хи йистехь цхьана гу тӏехь лекха ши хӏоллам коьртехь дисина. Цигахь дӏабоьхкина дай, дендай. Кхин гур йац цунна ӏаларой-Эвла, гур дац жима Мичка, сийна, йуькъа хьаннаш… Хӏинца иза гена ву даймахкана. Цуьнан берриг бахам хӏара ворда йу. Дуккха а дуьне девзинчу оцу вордано а догдиллина шена боьжна лелийначу шина тайшех.
Къоьнгий мацалла ца балийта, царна бао цхьаъ жижигна бийна Жонсас, мазала хьаьжкӏех важа туркошна боьхкина. Хӏинца, кхин чкъург ца карча сецна, хӏусаме йирзина кхуьнан ворда. Амма къена Жонса чӏеӏац. Къен ву, къена а ву, хӏетте а цхьаъ вац. И хьалакхозу герзаш цуьнан тешаме доттагӏий бу. Жонса ша къена велахь а, и герзаш муьтӏахь ду цуьнан куьйгашна. Цахуьлучу далахь, уьш йукъах а дихкина, аравер ву иза…
Ткъа ламанан басенца лаьттах йаьккхинчу цхьана тоьли чохь тховса дезде ду. Пхеа беро цхьатерра сихдина дохучу нахарийн гӏовгӏа хеза цу чуьра бодашкара схьа. Берийн дас Мовлас оцу буса цхьанхьара лачкъийна мукх беана. Цӏестан йай чохь цхьа кад мукх а кхаьрзина, нанас хӏоранна а цхьацца буй бекъна царна. Амма цхьа йалхалгӏаниг дац меттахъхьовш а. Иза, цамгаро кӏелхьарчийна, мотт сецна ӏуьллу.
Изза хьал ду царна тӏехьа, лакхахьо, кхечу тоьли чохь а. Оцу чохь хан токхуш бу Данчӏин доьзал. Лулахошна кӏез-кӏезиг мукх боькъуш, царна алсам белла Мовлас. Церан тоьли хьалха а йогу йай кӏел цӏе. Йай чу боккха дечиган ӏайг а хьийзош, голаш тӏе лахйелла ӏа шовзткъа шо хенара зуда. Тӏехьаьжна шен хенал йоккха хета иза. Цӏеран серло ловзу цуьнан мокхачу йуьхьа тӏехь. Муьлхачу кӏадех йина хаа хала ду тӏелетийнчу бес-бесарчу йоманаша къарзйина цуьнан коч.
Лелхаш, йай чуьра аракхийсало мекхан буьртигаш схьа а лехьош, гонаха хиъна ӏа кӏант а, йоӏ а.