– Делхьа, суна сайна а ма хаац дан дезарг. Хӏун де-те, муьлхачу новкъа дахча кӏелхьардевр дара-те бохуш, ойланаш йеш, буьйсанаш тоькху ас-м. Ахь бакъ боху, хазахеташ цхьа а ца веана кхуза. Таллархочух шен са дадийна лела экха санна, шен са дадийна веана хӏор а. Амма аш тидам биний кхечу адамийн дахаран? И беха кхаа беттан некъ беш, вайна гиначу къаьмнийн дахар дара ткъа атта? Ткъа хӏорш? Хьо дӏа тӏе мел кхаьчначу йуьртахь дуккха а лаппагӏашна йуккъехь кхо-диъ цӏа карадо хьолаца къаьсташ. Хьенан ду и кхо-диъ цӏа? Моллин, къеданан, йуьртден, совдегаран. Ткъа лакхахь мел дукха бу уьш, дехьа мел вели, баккхий, сутара а болуш. Уьш дӏакъастийча, дисина адам вайга гӏоьрттуш гӏело хьоьгуш ду. Вайгарчу а, цаьргарчу а ӏазапна бехке паччахьаш, элий, эпсарш, уьш къих цӏанбеш лела и цхьа тайпа динадай а бай. Уьш талабехьа, хьо Дала дукхавахаварг, уьш байъахьа.
Голаш тӏе охьатаӏийна корта шина куьйга къевллина схьа а лаьцна, лаьттан бӏаьра вогӏавелира Къосам. Карзахвийлар лахделча, цуьнан багара гӏийла масех дош делира:
– Дера, хаац суна-м, Маккхал. Паччахьаш, элий, динадай лоьхуш, царах бекхам эца гӏерташ лела хан а ма йац. Мозий санна, хӏаллакьхуьлуш ду вай. Суна ца лаьа сагӏадоьхург хилла лела, лай хилла ваха йа мацалла вала а…
Къосама дуьйцург массеран а дагахь дерг дуйла хуучу Маккхална лаьара, хӏуъу аьлла а, церан догъэца, амма царна синтемна дешнаш ца карадора.
– Массеран а дагахь дерг ду-кх ахь дуьйцург, Къосам. Кху хьолехь ши бутт хан йалахь, дерриг делла дӏадевр ду вай, гӏуллакх дено-дено оьшуш лаьтта. Аьрзугӏар а кхочур цӏа, хуур ду вайна дан дезарг а, карор бу кӏелхьардовла некъ а.
– Кӏелхьардовла некъ-м суна хаьара, – дехьа йуккъера схьа вистхилира цхьаъ. – Коша боьдург бу-кх!
– Эхӏей, дависа кху дуьненан! Лийр йуйла хиънехь, шен нанаша туьханах йухкур йара, баьхна аьккхичо. Цунний дайна, Сайдуллагӏар йийцина Хонкаран йалсамани иштта чаьмза хир йуйла хиънехь, ма хала дара со Мичкал сехьаваккха!
– Цунна ца воьлхучун ворхӏ дена хила неӏалт! Кхуза догӏучул-м, вайна Сибрех дахар дуккха а гӏоли хиллера. Цигара-м цкъа даймахка дерзаре сатуьйсийла а йара, кхузахь иза а йац.