– Ой, сийдоцу бусалба вийча а хуьлу гӀазот аьлла, цхьа-ши могӀа тӀе йазбан ца мега? – хаьттира цхьамма.
Тийналла йатӀош белабелира нах. Оцу дешнех самукъаделира кхоьлинчу Къосаман а. Цуьнан буьрсачу йуьхьа тӀерачу сирачу мекхашна бухара дакъаделла, кховр тесна балдаш халла хаалуш делакъежира.
– Кхин ду цхьаъ, Мовла, – вистхилира Маккхал, белабалар лахделча. – Хийла керста ву бусалбанал догцӀена а, къинхетаме а. Кханалерчу эхартахь Дала церан меттигаш хуьйцур йу аьлла ду жайнахь.
– Оцу Дала мукъалахь, молла Шахьби кестта лийр а ву, и дӏавоьллина цхьа кӏира даьлча, цуьнан каш даьстина, цу чу хьажаза а ӏийр вац-кх со. Сайн доттагӏ Ягор карор вац-те суна цуьнан меттахь, – забар йира Мовлас йуха а. – Ас Къуръанах дуй буур бара-кх шуна, вайна бӏаьрга бан ца безачу оцу керстанашлахь ӏаламат дукха догцӏений, къинхетамей, тешамей нах бу аьлла. Маккхал бакълоь шуна. И вайх летта салтий шайн лаамехь летара, моьтту шуна? Ма бакъ дацара-кх иза! Суна санна, церан хьал хаахьара шуна. Со йийсаре муха вигира-м, ас дийцина шуна. Йийсарехь волуш Рангал-инарлин долахь болчу муьжгашца шина шарахь гергга болх бира ас. Кху хьолехь хӏокху тогӏи чохь цхьана-шина баттахь дисахь, Далла дуьхьал гӏур ду вай, кӏентий. Далла дуьхьал йуьхьӏаьржа гӏойла со, шуна цхьа хьаьрк харц дуьйцу делахь. Хӏинца вайгарчуьнга гӏоьрттуш ӏазапехь бара цигара муьжгий. Бӏаьрго ма-лоццу йолу и шера аренаш, йуькъа хьаннаш йерриш элийн долахь йара, ткъа муьжгичун долахь хӏуп аьлча бӏаьрга эккха хӏума дацара. Иза хьовха, шайн догӏмийн дай бацара уьш. Хьайбанаш санна, бухкуш, оьцуш, бацош лелабора элаша. Дуьхьал масех муьжги лой, толлу цхьа жӏаьла оьцура. Кӏеззиг бехкбаьлча, верзина а воккхий, шед йетташ, бехкечу метте аьрснаш хӏиттадора. Элан цӏийнах болчу божарша шайна луъург леладора муьжгийн зударшца, мехкаршца. Суна сайна ца гинера, амма муьжгаша дийцира, цхьана эло-м шен ерийн кӏезий муьжгийн зударшка дакхадойтуш хиллера бохуш. Адамаша лело хӏума ду ткъа, зударех кӏезий дакхадо бохург?
– Ой, цӏе йожа хьо белхан, иза ирча эхь ма ду! И муьжгий куьйгаш лехна-м бацара?