Мостагӏий цистина
Сан каде ва куьйгаш
Болатан буржалша
Къуьйлуш ду ва шуна.
Хелхарна бохь боьгӏна
Сан каде ва когаш
Болатан зӏенашца
Бихкина бу шуна…
Нохчийн илли
Маржа, буьйса, йаӏ!
Мел йоца хилча а, ма йахло-кх хьо дерачу чевной, лазарший ов деттачу, дегӏан меженашка ладоьгӏуш, шен сигахьа ваьлла ӏуьллучу дархочунна, ӏожалло кадетташ хьийзочунна. Ма йахло-кх хьо, оцу чевнал а, оцу цамгарал а хала, къаьхьа бала дагна ӏеткъаш, бертаза коьрте гӏертачу йоьхначу ойланаший, мацаллой наб йаьхьна ӏуьллучунна. Ткъа мел йахло хьо, гуьйренан ӏаьржа цӏемза буьйса, цабевзачу нехан хийрачу махкахь йерзинчу стигала кӏел мацаллой, кӏез-кӏезиг цӏий худуш, бос баьхьначу берзинчу доьзалшна йуккъе вижина, кханено хӏун дохьур ца хууш, царах дог лозуш, сема такха воьлча.
Ма мерза ду хьо винчу неней, винчу махкей сатийсар…
Нана йелла, байлахь дисинчу берана, ша къанвелла, къежвелла, берийн бераш хилла дӏахӏоьттича а, сих-сиха гӏенах дуьхьалхӏуьтту ненан хьоме сурт, хеза цуьнан сатеден, дог хьосту аз, хаалуш хета мацах-мацах цкъа цо шен дегӏах хьаькхна ховха куьг. Лаьа иштта гӏан дахлойла. Самаваьлча, мерза сатуьйсуш, цо дагахь сецадо гӏенах гина и хьоме сурт. Ткъа даймохк? Уггар шена дукхайезначу хенахь ӏожалло шех къастийна нана а йицло стагана, амма бицлац Нана-Даймохк, кхолламо цунах ша мел гена ваккхарх. Бицлац, дуьненахь мел дукха вахарх.
Маржа, даймохк, йаӏ! Дайн а, нанойн а нана! Хьох хаьдда, генара хьоьга сатуьйсучунна бен хаац хьан марзо. Амма ма йеха, ма ӏаьржа йу-кх хьо, гуьйренан буьйса, йиша-вешех а, халкъах а, махках а ваьллачунна, ӏожалло къиза кадетта доьлча…
Арахь сатосуш лаьтта, амма Данчӏина наб ца кхета.
Цунна тховса цхьа тамашийна наб йогӏу. Хьалха чевнаш хиллачу хенахь а ӏиллира иза, тховсачух тера тамашийна ойланаш коьрте хьийзаш. Цкъацкъа хеталора шена гӏан-набарш гуш санна, ша цхьана кӏоргачу йесалле хахкавелла воьдуш санна, йа, ша йуккъе лаьцна, хӏоз хилла, дерриг дуьне хьийзаш санна. Цунна дуьхьалхӏуьтту, нийса гӏулч йоккхуш, ира цхьамзанаш хьалха а лецна, лекха куйнаш коьртахь, некха тӏехь морзах тийсинчу кӏайчу доьхкаршца бӏаьрнегӏар ца тухуш