– Ткъа со Дала делла лела? – дуьхьалвирзира Тарам.
– Цул а, йукъа а ца гӏерташ, хаий ӏехьа!
– Ца ӏа со!
– Ма къийсал шиммо а, ас дӏаолу хьан дешнаш, – сацийра и шиъ Маккхала.
Маккхале ла а доьгӏна, туркочо жоп делира:
– Ой, диканиг, тхан бехк ма бац шу схьадалор. Нагахь тхан ӏедалх шу латахь, шуна улло дӏахӏитта реза ду тхо. Къоьлла йацахь, кхин къийса хӏума дац вайн. Ткъа иза, къийса а ца оьшуш, шортта йу вайн шинхьарчарна а. Ахь хӏуъу дийцахь а, хьолахо талийча а, тхох, мискачарах, кхета, иза вийча а, тхуна зулам долу. Нийсса аьлча, аш талораш тхо ду-кх. Мушана шу тӏелетча, зулам хьанна делира? Йистошкахь бехачу къехошна. Шахьара йуккъехь беха хьолахой хьабаза бисира. Ткъа шаьш тӏе мел кхаьчначо, дуьхьало ца йеш, шайн карарниг дӏацайаларх оьгӏазло йан ца оьшу. Ша къиза къахьегна йаьккхина доьзална йохьу баьпкан йуьхк дӏайаккха гӏоьртича, дуьхьало йийр йу. Вайна массарна а деза-кх шен-шен бераш.
Туркочун къамел чекхдаьлча, тийналла хӏоьттира. Схьахетарехь, и векалш шаьш дохьуш баьхкинарг дийцина бевлира.
– Кхин дарий шун ала? – хаьттира Аьрзус.
– Дац. Тхуна шух къа а хета, тхешан ницкъ кхаьчча, шуьгара бохам-балий байбан кийча а дара тхо. Амма тхан лаам, ницкъ цхьаьна багӏац-кх. Тхан хьолахой а, ӏедалан нах а шайна ма-луъу талабе, байъа. Аш динарг, лачкъадахь бен, оха ӏорадоккхур дац. Тхо мисканаш ма хьийзадейша.
Аьрзу хьалагӏеттира.
– Дика ду шу схьадаьхкина а, шайн дагна ӏаьткъинарг аш далхийна а, – элира цо. – Дера, тхо бахьанехь аш баланаш ма лай. Тхуна эхь хоьтуьйтуш гӏиллакх ма лелий. Тхо дӏадаьхкича, кара а ма лора, шаьш йохьуш а ма догӏура. Тӏех чӏогӏа гӏиллакх лелий, ӏедало шайна и дехккалц. Тоьур ду, баттахь, шина баттахь гӏо дича, кхузара берхӏитта эзар шуна кхаба тӏевоьжна ма вац йа ницкъ а бац шун. Баркалла, Дела реза хуьлда шуна! Тхоьгара гӏиллакхе доцурш дийлина меттигаш йу. Махках даьхна, мацалло бӏарздина, кхузахь лаьттачу адамашна йуккъехь собар кхачийнарш, дегнаш дарделларш бовлаза ца биси. Тхоьца лелийначу гӏиллакхна баркалла ала шайн туркошна, эрмалошна, курдошна. Тхоьгара хӏинццалц дийлинчу зуламашна къинтӏерадовла, ала. И тӏаьххьарлера даккхий талораш тхо цхьадерш цӏахь