кертара довлучу хенахь Зазун къаьхьа йелхар, жимачу йоьӏан баьлла шийла мохь хаддаза лерехь бу Мӏаьчигна.
Амма доллучул а цуьнан дог огу тийна чекхйолуш йоллучу Зарус а, массарех а къехкаш, даим ойлане, догӏанна йазйелла марха санна, кхоьлина лелачу Коьрас а. Цаьршимма схьа ца алахь а, Мӏаьчигна ма хаьа церан дагара. Бакъ ма ду и шиъ: Мӏаьчиг ву дерригена а бехке. Цуьнан омранца баьхкина уьш кхуза. Ӏаьнан оцу шийлачу буса, чохь тӏуьна гуьйриг сийсачу товхи хьалха гоьл тӏе ког баьккхина, цо аьллачу цхьана дашо кху хийрачу мехкан лаьттах доьллина и пхи адам. Дийна дисинчу кхааннах хӏун хир а хаац…
Мискачу Мӏаьчигна шаьш кхааннах хиндерг ца хаьара, амма кхелхинчу пхи эзар доьзалан кхолламах дерг хӏинца а къастоза йара ший а правительство.
«Эрзерумски велига, Императорски комиссаре инарле Нусрет-пашега.
Господин комиссар!
Суна хиъна, эмиграце баьхкинчу нохчех цхьа дакъа Ванехь а, Мушехь а, Джиджехь а совцо шун ойла хилар. Нохчий цига баха ховшор нийсса дуьхьал ду лоьруш йолчу вайн правительствоша биначу бартан статьяна. Константинополехь волчу Россин векало Цуьнан Сийлалло инарло Игнатьевс оцу хьокъехь Кавказски ӏедале официально биначу хаамца, эмиграце баьхкина нохчий Эрзинганий, Диарбекирний дехьа колонизировать бина хила богӏу. Цул сов, хӏара хаам шуьга биначул тӏаьхьа, ас сацамболлуш дуьхьало йийр йу лакхахь цӏераш йаьхначу меттагашка нохчий тарбарна а, Трапезунд, Карс, Ван, Баязет санначу тхан дозанашний йа, вуьшта аьлча, Диарбекирний, Эрзинганий Малхбалехьарчу муьлххачу а пашалыкашка нохчийн колонизаци йарна. Эрзеруме кхаьчначу партех цхьа а цигара меттах ца йаьллийла а хоуьйту ас Хьан Сийлалле. Дехар ду Хьайга сан даггара лерам дӏаэцар.
Оьрсийн комиссар. Капитан Зеленый.
24 июль 1865 шо. Карс»
«Цуьнан Воккхаллин Йерриг Россин Императорски комиссаре, Штабан капитане Александр Зеленыйга.
Господин комиссар!
Хӏинцца ас схьаэцначу шена дуьхьал ас жоп йаздечу хӏокху кехато боху, Цуьнан Сийлалло инарло Игнатьевс Кавказски хьаькамашка хаам биначу инструкцица, эмиграце баьхкина нохчий Эрзинганна а, Диарбекирна а дехьий бен колонизировать бан йиш йац. Хьан гайтам