Турцех дӏакхета шайн йолчу перспективо,
схьагарехь, хӏумма а самукъа ца доккху ламанхойн.
К. Маркс, Ф. Энгельс
Эрзеруман виллаетан керла вели Мухлис Эмин-паша лоьруш тӏеийцира мушахоша.
Эххар кхечи цара дукха сатийсина гӏо. Хӏинца-м маьрша бевр бара уьш оцу кхайкхаза баьхкинчу лулахойх. Кхо бутт бу мушахой буьйсанна маьрша охьа ца буьйшу. Массо неӏарна, гӏопана догӏанаш тоьхча а, зайлаш доьхкича а, синтем хилац. Урамехь говрийн бергийн тата даьлча йа бешахь шах-ших хезча, дегӏе зуз хьоду, кӏажийн пхенаш чу доьду са. Баттара йаьккхина шаьлта а буйнахь, неӏ йа кор кагдина, хӏинций-хӏинций чу нохчо оьккху бохуш ӏа. Цхьа буьйса ца йоьду цара цхьаъ, талийна, чӏана ца воккхуш. Жимма а дуьхьало йан гӏоьртинарг воьжна каравойту. Амма, дерриг талорашна уьш бехке бац бохуш а дуьйцу. Цаьргара эцна бедарш тӏехь къолах оьху, боху, меттигера нах. Къаьсттина – курдой. Ткъа хилларг нохчашна тӏетотту.
Талораш-м хӏун дара. Оцу туьпара схьа ун даржарна кхоьру. Цигахь доцуш дац цхьа а Делан ун: ӏаьржа-ун, морзгалш, чуьйна, хоршанаш.
Хӏинца Эмин-паша веана мушахой царах кӏелхьарбаха. Шеца кхо эзар дошло а волуш. Хӏетталц шайн шахьара бӏо беача бӏаьрга цӏий хьаьвзачу мушахоша маралелхаш тӏеийцира уьш. Ткъа жимма а таронаш йолчара шайгий-шайгий хьошалгӏа кхойкхура. Цхьа буьйса мукъана а маьрша йаккхар стенан мах бу?!
Исбаьхьа йу эрмалоша йиллина шира шахьар Муш. Цунна тӏехула лаьттачу Сэв-Сар ломара охьахьаьжча, керайуккъехь санна, йаьржина го Мушан аре. Иза йоькъуш, йуккъехула чекхдаьлла дӏаоьху Меграгэт-хи. Къилбехьа, малхбузехьара малхбалехьа йахйелла Эрмалойн Тавран йеха зӏе. Малхбалехьара Немрут, Гргура аьрцнаш тӏехула кхуза схьаоьху Ван-ӏоман эсаран мох. Аренна йуккъе когаш хецна соцу Сев-Сар. Кхидӏа говран ленах тера Канасар лам бу Муш-шахьар марайоьллина лаьтташ.
Лома тӏехь айъайелла го шахьар йиллинчу стеган Мушеги Мамикоянан аххирцина лекха бӏов. Шахьарна тӏехула стигала хьала муцӏарш кхийдийна лаьтта килсийн горгий, ира момсарш. Моттало, дукха хан йоццуш кхузахь динчу ӏалаудди-беян маьждиган йуткъа-лекхачу момсаре уьш хьагӏца хьуьйсуш санна.