Хӏорш шайна тӏекхочуш, говрашкара каде охьа а иккхина, ши дошло, говрийн йуьхь а лаьцна, тӏеволавелира. Динара воьссира Сайдулла а, Шамхалбек а, Хьабиб а. Эмин-пашас хӏинца а сацам ца бинера ша дан дезачун. Дагахь къуьйсура цуьнан кураллой, декхарой… Оцу декъазчу ойлано салам дала а вицвинера. Сайдуллас делира иза. Эмин-пашас дуьххьалдӏа шега кховдийна куьйгаш, мелла схьа а лецна, дӏахийцира.
– Туркойн мотт хаьий шуьшинна? – хаьттира цо сирачу динарчу дошлочуьнга.
– Кӏеззиг хаьа, – жоп делира расхачу динарчо.
– Шун гӏуллакх-м вон дац, оццул эскар дӏахӏотто ницкъ болуш. Тхуна хезнера, шу, мацаллой, цамгарший хӏаллакдеш, кхачош дохку бохуш.
– Шуна хезнарг харц дац, паша. Адам леш ду. Дийнахь-бусий бӏе сов стаг ле. Даа хӏума дац. Мелла а мах болу хӏума йуучух йоьхкина бевлла нах.
Эмин-пашас, цавешаш, мерах шок туьйхира.
– Тера дац, тера. Шуьгахь хӏинца а масех эзар говр, шортта герз а ду.
– Царах къастийла дац тхан, тхаьш делла лаьттах даххалц.
– Шуна стенна оьшу герз? Шайн махкахь-м керстанаша хьийзош ца дуьтура шу. Хӏинца дӏабаьлла цаьргахьара кхерам.
– Хӏета, хьо хӏунда веана Муше, хьайца кхо эзар дошло валош? Царал сов, эзар мушахо а ву, боху, хьуна гӏоьнна кечвелла.
Эмин-пашас жоп ца делира. Говрашкара охьабиссинарш йуха а говраш тӏе бевлира. Вовшашкара хьал-де хоьттура Аьрзус а, Сайдуллас а.
– Кхузахь гӏуллакхаш дика дац, боху ахь? – хоьттура Сайдуллас.
– Кешнашна уллохула ца девлира шу? И гу дӏалаьцначу баьрзнех хӏоранна а кӏел дӏавоьллина масех стаг ву. Белларш дӏабохка ца кхиадо.
– Эрзерумехь иштта дукха ца хуьлу баларш.
– Цигахь кӏезиг гулбелла вайнах. Кхузахь адам дукха ӏаьӏна. Гатто йу. Даа рицкъа дац. Мацалла, цамгарш. Кху доьхначу хьола тӏе схьагӏерташ Эрзерумера нах а бу. Шу хӏун ойла йолуш даьхкина? – хаьттира Аьрзус, шена хӏумма а ца хуучуха.
Сайдуллас корта ластийра.
– Дера, Аьрзу, тхо хӏумма а диканна ма ца догӏу. Хӏара меттиг йита йеза аш.
– Тхо мича гӏур ду?
– Шайна къастийначу махка тӏе.
– Диарбекирал дехьий?
– Хӏаъ.
– Хьуна гиний цигара мохк?
– Ца гина. Дикачех бацахь а, вон бац, боху, иза.
– Тхуна гина иза. Нахана лаац цига баха.
– Нахана лааре хьуьйсур бац хӏорш. Оьрсийн векало хӏорш битац, кхузара шу малхбузехьа дӏадига бохуш. Иштта бу, боху, вайна схьакхалха бакъо луш шина паччахьан хилла барт.