бисинчу, дукха баланаш хьоьгучу шен даймехкан, бӏарзделла хьийзачу шен къоман. Амма, мел ойланаш йарх, ца карабора кӏелхьарвала некъ. Уггар нийсаниг, уггар тешамениг аьлла цара къастийначу новкъа бевлла схьабаьхкинчу кху мисканех хирг дара гуш. Хӏор а буса охьаьвуьжу иза цу ойланашца. Дуьнен чу ваьлчахьана схьа мел догӏучу дийнахь – керл-керла бохамаш, баланаш, гӏайгӏанаш. Мегар дац ткъа, буьйсанна охьавижча, набарха мукъана а паргӏатвала, гӏенаха мукъана а ирсе минот ган? Хӏан-хӏа, синтем бац набарх а. Дахарехь ша теш хилла цхьаъ кхечул ирча эз-эзар и инзаре эрчонаш гӏенах а дуьхьалара ца йовлу кхунна.
Кхелхина кхуза баьхкинчу нехан пхи эзар доьзалх биъ эзар кхузахь, Муша уллохь, сецнера, вуьш – Эрзерумна уллохь. Кӏеззиг царна йуучуьнца хенебовларна-м гӏоли дара цигахь. Амма ун чӏогӏа даьржинера царна йуккъе. Цул сов, массанхьа санна, ницкъ бора царна ӏедало а, цаьрца йукъаметтиг галйаьллачохь бахархоша а. Ӏедало цигара меттахбаьхна, Диарбекирехьа нохчашна къастийначу махка тӏе дӏабоьлху уьш, оцу махке а хьаьвсина, йухабогӏу Аьрзугӏар шайна Чубукчурехь дуьхьалкхетча, цаьргахула и хӏун мохк бу а хиъна, йа цига а, йа Эрзеруме а кӏегар а ца боьлхуш, кхуза, Муше, схьабирзира. Эрзинганехьа дӏайоьду тоба а, дӏакхачале йуха а йирзина, Эрзеруме дӏайахнера.
Кхуза богӏучийн йуьхь схьакхаьчна тховса. Бухахь болчарна хӏун дийр ду ца хууш, Аьрзу хьийза, хӏинца хӏара керла бала а тӏекхийти…
Маккхала, шен карара къолам охьа а биллина, ша йаздина кехат караийцира.
– Ахь ладугӏий, Аьрзу?
– Дешал.
Маккхала, йайн йовхарш тоьхна, йиш тайира.
«…Нах кхалхоран гӏуллакх шина а паччахьан бертахь ду бохуш, дийцинчу инарло Кундуховс тхаьш хаза кхоччуш ӏехийнийла хиъна тхуна. Цо дийцинчух а тешна, шайн даймахках бевлла кхуза схьабаьхкина нах, амма цигахь тхоьга дийцинарг кхузахь ца карий тхуна. Тхуна мохк къастийна кху Хонкарахь, амма иза йокъане, жагӏане, дийнарг ца кхуьуш, цхьа йекха гунаш ду. Цига а дахана охьаховшахь, цхьа а бӏаьстенга вер вац тхох. Кундуховна, тхо массо велла а, ша ваха лаьа, цунна гӏерта хир ву иза бисина нохчий а схьакхалхо… Хӏокху туркойн Сибрех ӏачул, оьрсийн Сибрех дахар