даржийра Маккхала кехат.
«Бисмиллахӏи-рохьмани-рохьийм, – деша вуьйлира иза, йайн йовхарш тоьхна йиш тайина. – Вайн везачу Делан, Мухьаммад пайхамаран, цуьнан асхьабийн, эвлайаийн пурбанца хӏара кехат йаздо ас сан къоман а, динан а вежаршка, доттагӏашка Абубакаран Аьрзугий, ӏабдурахьманан Маккхалей!
Делера къинхьетам а, Элчанера шапаӏат а хуьлда шуна.
Уггар хьалха ас дӏахоуьйту шуьга тхаьш дерриш могаш-таза хилар, вай вовшахкъастар а, махках бевллачу муъма вежаршна сагатдар бен, сингаттам боцуш тхаьш хилар а. Амма оцу сингаттамо дегнаш огу тхан, догӏмашкара гӏора эшийна тхан, кортош хьередина. Махках буьйлучу нехан тӏаьхье а ца хеда, мацах лоьман хьеха чу ихначу акхаройчул башха, дӏаваханарг йухавогӏуш а, кхочуш хабар а дац. Цхьа а тайпа хабар доцуш вайна шуьшиъ а. Оцу бахьанашца тхаьш хӏун дан деза а, хӏун дита деза а ца хууш, бӏаьрзе ду тхо. Шу дӏа муха кхаьчна, шуна тӏедиллинчух хӏун хилла, адам мича хьоле нисделла-те?..»
– Хӏокху жоьжахатера хабар хазаза ду цигахь? – йукъахваьлла, геланче хьаьжира Маккхал.
– Тайп-тайпанара хеза! Цкъа хеза, кхузахь нахана Дала делла бохуш, тӏаккха – Дала тоьхна олий хеза.
«…Кхузара хьал-де шуна хаа лаахь, вайна пайдаберг цхьа а дац. Берса цӏа вирзина. Къилбаседехьара дарц тийна, оцу агӏоне догдохуьйла а дӏайели вайн. Адам, хьалха санна, халонгахь ду. Хьалхахьежарх, гуш паргӏато йац.
Шу новкъа девллачул тӏаьхьа цхьа хьовр-зӏовр хилла кхузахь. Хорачуьрчу Акхмирзин Тозас вай кхийрринарг лелий. Тхоьгара пурба доцуш, тхан бертаза, шен лаамехь, ша имам ву аьлла, кхайкхийра цо. Кехаташ йаздинера гондӏарчу йарташка. Цо сайга даийтина кехат ма-дарра йаздо ас, шу дика кхетийта: «Тхан муъма вешега Солтамурде, бусалба вежаршка имамера Тозера салам-маршалла. Вайн махкара керстанаш дӏабаха тӏамна кечло. Хӏара дӏахаийта гондӏарчу йарташка, Яьссица, Ямсуца охьа йолчу йарташка. Дала а, Пайхамара а вайна весет бина гӏазотан тӏом дӏаболо беза де тӏекхаьчна. Вайца барт берш кхана Хорача улло Кхеташ-Коьрта гулло. Делан лай, Нохчийчоьнан имам Тоза». Оцу кехато цецдаьхна тхо меттадахка а кхиале, кхин хабар кхечи, иза шен Хорачуьра араваларца ӏедало