соьга йеллачу инструкци тӏехь нохчашна билгалйина йу Ван, Битлис, Муш, Гинджа, Карпут, Эрзинган, – элира цо шеквоцуш.
– Амма, хьан локхалла, соьгахь ма йу сан правительствон инструкци, – туркойн инарло майрра ден къамел дагах кхетта, оьгӏазвахара иза, – Российски империн векало инарло Игнатьевс кху шеран 21-чу майхь № 314 йолуш кавказски эскарийн коьртачу штабе йаздинчу кехат тӏехь аьлла ду, шун правительствоца шен хиллачу бартаца, цхьа а нохчо Диарбекирний, Эрзинджанний малхбалехьа виса йиш йац аьлла. Цундела ас сацамболлуш дуьхьало йо ахь лелочунна!
– Господин комиссар, суна чӏогӏа новкъа ду айса бан безачу некъо хьуна вас йеш хилар. Амма дан гӏо дац-кх! – ши куьг дӏаса а тесна, белш саттийра Нусрет-пашас. – Сайн правительствос сайга йеллачу инструкцица гӏуллакхдан деза сан а. Оцу меттигашкарчу ӏедална ас тӏедиллина цхьаъ ах эзар доьзална латта къастор. Ванан пашалыкехь хӏусамаш а кечйина оха царна. Важа бисинарш Карпуте, Эрзингане хьовсор бу. Хьуна ма хаьа, господин комиссар, ламанхой Диарбекире хьовсо йиш йоцийла. Амма, вайшиннан дика йукъаметтиг ца йохо, хьан протестан хьокъехь ас Стамбуле телеграмма лур йу.
– Цул сов, хьан локхалле дӏахоуьйту, – тӏевирзира инарла вовалар хиъна Зеленый, – схьайаьхкинчу партех цхьа а Эрзерумал тӏехйаьлла цахилар. Тӏейогӏу йолу партеш, Муше, Ване а ца хьийсош, Карпуте йахийта. Цига дӏатарбелла нохчий меттахбахий, баха беззачу дӏабахийта аьлча, хьалххе хӏунда ца элира аш шуьга ца алийта, ду хьуна иза.
– Дика ду, господин комиссар, дика ду. Стамбулера керла инструкци кхаччалц, ас цхьа а парти хьажор йац Муше а, Ване а.
Шаьшшиннан и къамел хиллачу шолгӏачу дийнахь Нусрет-пашин кара йозанца протест делира Зеленыйс. Амма цунна дуьхьал инарлера деанчу кехато цецваьккхира иза. Цаьршиннан къамелехь инарло бохура, Ваней, Мушей шаьш цхьакӏеззиг нохчий бен ца ховшабо, ткъа кехат тӏехь кхин – цигара мохк бен, нохчийн даймехкан ӏаламций, хьелашций богӏуш цахиларна, берриг нохчий цига ховшабо шаьш. Нохчий Карпуте бахийтар а, Портера керла инструкци а хьеха ца йора. Дуьххьал схьабохура, Диарбекире бахийтича, нохчий цӏена хӏаллакьхир бу.
Кхузахь