туркойн администрацин мекара амалш сайна дика йовзарна, № 73 йолуш 21-чу февралехь айса йаздинчу кехатца ас элира хьоьга, кхелхарш дӏатарбан цара гойтуш йолу Битлис дуьххьалдӏа номинальни пункт йу, нагахь вай цунна резахилла совцахь, цара кхелхарш, къаьсттина вай тӏаьхьа тӏекхалхор берш, оцу пунктана малхбузехьа дӏахьийсоран меттана, къилбаседехьа, вайн дозанашка, дӏатарбан а хӏуьттур бу. Цундела Кавказски хьаькамалло цуьнга дехна, нохчий кхалхор пачхьалкхан маьӏне, доккха гӏуллакх хиларе терра, суна хетарехь, инарла-адъютанто Игнатьевс пачхьалкхан пайденна дуьхьа а, шен меттиг ӏалашйан а хуьлуьйтур дац йа хилийта декхар дац Кундуховс лоьхуш долу кхелхинарш дӏатарбан билгалйина меттигаш хийцар…»
«Хаац, Лорис-Меликов, хьо цхьогал делахь а, цхьогалан цӏога-м Карцов а ду хьуна, – кӏоршаме велавелира Александр Семенович. – Сан хаттаршна жоп далар Лорис-Меликовна тӏе а диллина, ша йуьстахваьллийца. Амма, мацца а цкъа лучу далахь, кху адамашка хӏоттийначу ӏазапах жоп-м шиммо а лур ду ашшимма. Цул а дика хир дара, хӏинццехь шуьшиъ тангӏалкхаш тӏе хьалаоьзча. Хӏара дуьххьара долийначу оцу аьртачу инарлица Евдокимовца цхьаьна…»
Шен дагахь барт беттарца жимма дог хьаийна, кехаташ цхьана папки йукъа дӏатийгира цо.
«Доцца аьлча, дикка къахьега деза сан, хӏара гӏуллакх дерзо гӏерташ. Эмин-паша шен дошлошца Муше а, дера, вахана, герз йукъадаккха везире цо пурба а, дера, дехна, цуьнан дӏаволавалар доггах долчух тера а, дера, ду. Амма атта тоьшийла йац-кх кху басурманех. Цхьаъ дуьйцу йа дан гӏерта, дӏаладоьгӏча, кхин дой карадойту…»
Даим а санна, неӏ ца тухуш чувелира цуьнан денщик, салти Ефрем Чеботарев. Капитанах бӏаьрг ма-кхийтти, хиира салтичунна иза цхьана хӏуманна тӏехь вас хилла воллийла. Цундела, цуьнан тидам шена тӏеберззалц, вистхилла новкъарло йан кхоьруш, неӏарехь вулавелла сецира иза.
– Ахь хӏун до, Ефрем Анисимич, ӏад санна, вулавелла лаьтташ? – эххар а схьавирзира капитан.
Хӏун дара а хаац, оццул майра салти, и капитан шега вистхилча, йоӏ санна, цӏийлой, багах дош ца долуш вуьсура цхьа хан йаллалц.
– Хьан оьздалла…
– Ас масазза аьлла хьоьга, Ефрем Анисимич, и