йолла ма йеза. Тхан цӏий ӏенош схьалецна латтанаш хьолахошна совгӏатана лора. Цӏахь а, кхузахь а тхан цӏий ӏуьйду, ткъа тхо дацочийн хьал ӏаьӏа. Доцца аьлча, Александр Семенич, цӏа а бирзина, йуха а ӏазапе оьгучул, нохчашкахьа бовла лаьара дукханна а. Мухха делахь а, цара латториг бакъонца къийсам бара. Цигахь маршо йара. Ткъа даймахкахь – каторга.
– Хьо хӏунда ца вахара цаьрца? – лем оьцура Зеленыйс.
Чеботаревс белш саттийра.
– Гой хьуна, Александр Семенич, массеран а амалш цхьатера ма йац. Лам чу веддачо дин хийца дезара, шен даймахках гуттаренна догдилла дезара. Суна ма ца лаьара иза. Ӏедал мел къиза делахь а, Росси сан даймохк ма бу. Керста дин – сан дин. Ца го хьуна, и бӏарзбелла хьийза нохчий? Нехан йалсаманел шен жоьжахати тоьлу.
Капитано, тӏе а веана, резахилла, белшах куьг туьйхира салтичун.
– Бакъ боху ахь, Ефрем Анисимович, бакъ. Даймохк – даймохк бу. Дика белахь а, вон белахь а, вайн даймохк бу-кх иза. Дика хир дара цигахь ӏедал жимма адамалле хилча. Кхечу мехкашкахьчул къизо ду вайн ӏедал. Къаьсттина – муьжгашца. Хӏун дийр ду, вайшинга хийцалур дац-кх иза. Оцу ницкъболчара хӏуп аьлча, доьза вовр ма ву вайша. Дан хӏума дац, Анисимич. Мацца а цкъа цхьа зама йогӏург хир йу массарна а маршо йолуш. Къаьмнийн барт беш, хӏара цӏий ӏенош доцуш. Амма хаац-кх – маца, гуш йац иза. Ткъа хьан амалх лаьцна аьлча, Анисимич, оцу нохчашка, хьо санна, дог лозуш хьожу хьуна со а. Сан аьллар хилча, хӏара миска кхелхинарш шайн цӏахь хуьлуьйтур бара ас, хӏокху дуьненан дерриг хьал церан долахь а хуьлуйтур дара ас. Хӏун дийр ду, Анисимич, ницкъ бац. Суна хала ду, Анисимич, гӏаддайна сайн неӏсагӏи тӏе баьхкина и нохчий даьссачу куьйгашца дӏахьовсо, амма ницкъ бац-кх царна гӏо дан. Сан алапех вайшинга кхабалур ма вац мацалла леш воллу масех эзар стаг.
Амма Чеботарев хӏоьттина лаьттара.
– Хьан оьздалла, Александр Семенич, уьш йеха баьхкина бац, схьахетарехь, хьуна тӏе цхьа дехар дохьуш баьхкина. Уьш герзаца кечбелла, дикачу дойшкахь береш бу.
– Нагахь айхьа баккъал бахахь, схьачукхайкха уьш.
Эпсарна сий делла, цхьана кога тӏехь дӏа а хьаьвзина, аравелира салти.
Цхьа масех минот йаьлча, шеца шиъ нохчо а валош