дуьхьало ца йеш, бертахь Россех дӏакхеттехь, шуна а хир дацара хӏума.
– Кхахьпа зуда бен ца йоьду дуьхьало ца йеш боьршачу стеган кара. Аш, элаша, оьрсийн паччахьна доьхкира шайн халкъаш. Дешех. Тхан бацара тхо дохка элий. Тхо маьрша дара. Тхуна ца лаьара цхьаннен а лайш хила. Кхетий хьо, цхьаннен а?! Цундела летара тхо. Йа цуьрриг дохко а ца девлла. Маршонан дуьхьа вала-м, и маршо хӏун йу хаа дезий. Хьуна и хаац йа хуур а дац, Алхазан Муса. Нах бохка, эца, йамартло йан, сийдоцург лело бен, шу элашний, инарлашний кхин хууш хӏума дац. Шу гӏорасизчаьрца майра ду. Шаьш маьрша делахьара, шу гӏертар а дацара маьрша нах лолле берзо. Маьршачу стага цкъа а стаг лолле ца верзаво, цунна дика хаьа маршонан мах. И шуна хаац.
– Цул, иза а дитий, дӏогахь хьо ала гӏиртинарг алахьа, – шаьш тӏеттӏакхаьчначухьа чӏениг тесира Кундуховс.
– Со-м хьуна со вовзийта гӏертара. Диъ шо хьалха цхьана буса бенойн хьаннашкахь ахь цхьакӏеззиг нахана дош делира кхин нохчашна дуьхьал герз ца айъа а, зулам ца дан а. Оцу ахь дош деллачу нахах цхьаъ ву со. Хӏетахь ахь аьлла дешнаш дагахь ду суна: «Дитт, ша охьакхеташ, уллерчу диттах тевжа, боху хӏирийн кицано, – элира ахь. – Цхьа бохам тӏебеача, вай вовшашна тӏетовжаза ца довлу. Ас дош ло шуна, тховсачул тӏаьхьа цкъа а шуна зуламна куьг ца айъа, ког ца баккха, дош ца ала». Амма, хьо хьайн дашах воьхнийла хиъна, хьуна и карладаккха дӏадаханчу ӏай хьан йуьрта веанчу шина стагах цхьаъ ву со.
– Со волчу оьхучуьра нохчий цкъа а ца хедира кху тӏаьххьарчу шарахь. Дукханна цхьаъ дагахь латто атта ду, цхьанна дукханнан сибаташ дагахь латто хала ду, – шого жоп делира Мусас.
– Хьо волчу листинарш кхуза кхалхаран хьокъехь дагабовла оьхура, ткъа тхойшиъ кхечу гӏуллакхна веара.
– Соьца масане гӏуллакх хилира нехан.
– Тхойшиъ, хьоьга хьайн даша тӏехь саца аьлла, веанера.
– Хьан цӏе хӏун йу?
– Сан цӏе Аьрзу йу.
– Дагавогӏу. Амма, ца вийцича, вевзар вацара. Хийцавелла хьо.
– Кхузахь оха баьккхина кхо бутт кху тӏаьххьарчу ткъа шарал хала беана тхуна.
– Ас ца дохийра шуна делла дош. Со сихха дӏавахара шун махкара. Цул тӏаьхьа ас цкъа а дакъа ца лецира ӏедало шуна дуьхьал дечу гӏуллакхашкахь.
– Амма тхан нах ӏехо ӏедална гӏо