– Мухха дирзина а, цӏа доьрзур ду тхо.
– Къайлаха цӏавирзинарг Сибрех хьажор ву шух!
– Оьрсийн Сибрех делара тхо, кхузахь хуьлучул.
– Цигахь керста дине дерзор ду шу! Шун зударий цигахь шарбалш йоцуш гаурашца лелар бу! Шун берийн берашна нохчийн мотт, гӏиллакхаш, дин дицлур ду!
– Тхуна са ма гатдехьа, Алхазан Муса. Оха, мухха ӏалашдина а, тхаьш а, тхешан дин а ӏалашдийр ду. Цул а, Алхазан Муса, хилаза цадериг дӏадоладе вай? Декъий ца хьахь, дийна тхо йухадуьгур дац аш.
«Ванах, хӏун де-те ас? – хоьттура Кундуховс шега. – Герз айъича? Хӏан-хӏа, хӏан-хӏа. Цул а, дӏабохуьйтур ас хӏорш. Хӏокхарна гергахь со ламанхо, хӏокхеран дуьхьа махкахваьлларг, хӏокхеран гӏайгӏа бан гӏертарг хилла виса веза…»
– Ма дийцахьа, Аьрзу, шу йухадерзо дагахь хилча, со ӏийр вацара хьоьца хӏара захало дуьйцуш. Ас-м шу дӏадохуьйтур дара, туркоша дозане дуьтур дац. Цара дитахь а, оьрсаша шайн дозанал чоьхьадовлуьйтур дац. Суна хууш ду шуна дуьхьал шина а агӏоно цига инзаре дукха эскарш оьзнийла. Ас аьлларг дай, йухадерзийша, Аьрзу. Суна лаац оцу пекъаршна дуьхьал герз даккха. Амма дозанехь шух къинхетам бийр бац кхара а йа вукхара а. Цул а, кхузахь а совций, кхара бохург дейша…
– Йолах эскарехь гӏуллаккхий? – кӏоршаме хаьттира Аьрзус. – Цигахь оьрсийн паччахьо тхо санна, кху Хонкаран махкахь туркоша бӏарздина гӏуьтту къаьмнаш цӏийла керчош лелий? Хьуна а, хьан керлачу дайшна а моьтту хир ду, шайн мохк, доьзалш, синош лардеш, дезткъа шарахь цӏий ӏенийна тхан нах цӏийга марзделла акхарой ду? Хӏан-хӏа, Алхазан Муса, тхо хир дац цхьаннен а лайш, цхьаннен а йолахой. Иштта дӏаала ахь туркойн паччахье. Марша ӏойла хьо!
Меллаша къилбаседехьа буьйлабеллачу наха цхьа чаккхарма некъ бале, царна тӏаьхьакхиира йуххеваьлла бере а волуш ши гӏудалкх. Генара бӏаьрг ма-кхийтти вевзира ӏелина
Мусин ваша Афока.
– Мусас некъана хӏара кхачанан сурсаташ даийтина шуна, – элира цо, Аьрзуна тӏе а веана. – Хӏорш дӏаэцар дийхира цо. Йуха а дийхира цо, ас а доьху шуьга, тхойша вонна дагацалецар. Диканиг дечуха лийлира-кх тхо. Шун дегнаша лоьхург лойла шуна Дала! Дала шен къинхетамах ма дохийла шу а, вай дерриш а!
Гӏудалкхаш цаьрга дӏа а йелла,