Султан а, цунна уллорниш а бусалбанаш бу
моьтту хьуна? Уьш-х гаурел а оьшу. Дависарг-йаӏ,
сайн кара нисбелча, султан хьалха а воруш, ас,
ткъе диъ дакъа деш, борур бара уьш.
Имам Шемал
Эривански областан тӏеман губернаторан инарлин Астафьевн кехат.
«Кавказски Эскарийн Коьртачу Штабан Начальнике, Цуьнан Локхалле инарла-лейтенанте Карцовга.
Къинхетаме Государь Александр Петрович!
Ши кӏира хьалха Александропольна улло вайн дозанашка кхаьчначу нохчийн 98 стагий, зудчой соьга дийхира шайн дай баьхначу махка йухадерза шайна бакъо йалар.
Туркойн правительствос цхьа а тайпа гӏайгӏа ца беш битинчу оцу нахера ирча бохаме хьал хуучу ас дийцарш дан сайна тӏе векалш бахкийта пурба делира царна.
Оцу векалша соьга дийцира, шаьшларчу цхьа цӏейаханчара дуьйцучух а тешна, даймохк битина, шайн схьакхалхар. Цара дуьйцучух ца ӏехаделлехь, шаьш цкъа а Россера схьакхелхар а дацара, Турцехь шайн беш цхьа а тайпа гӏайгӏа бац, шаьш ӏаламат ирчачу къоьлле, бохаме а эгна, цигахь шайна къастийна мохк стагана, валий бен, ваха мегар долуш бац, Турце йухадоьрзучул, Сибрех даха а йа цигахь вайн дозанашкахь дала а реза ду шаьш бохуш…»
Ши кӏира дара хьалхара тоба Арпачайна уллохь туркойн эскарша сацийна латто.
Цул бутт хьалха кхаьчна нохчийн кӏеззиг доьзалш а бара бухахь. Хӏинцале гӏеххьачул шайн кешнийн ков-керт лаца а кхиънера уьш. Шаьш кхуза кхаьчначу дийнахь дуьйна, даймахка дӏадахийтахьара шаьш бохуш, кара куйнаш, корталеш детташ, цара дукха дехарш динера дозанерчу туркойн хьаькаме Сулейман-бейга а, оьрсийн хьаькаме цхьана инарле а.
Сулейман-бейс бохура, шуна схьадахка лиъча, схьа а дахкийтина шаьш, дӏадаха лаахь, дӏа а дохуьйту шаьш, амма оцу дӏогарчу торгӏалчу бӏогӏамна дехьа лаьттачу оьрсаша шу дозанах дехьа ма довлийта, боху шега. Уьш реза хилчахьана, ца сецадо. Ткъа оьрсийн инарло боху, шу дозанах сехьадовлийта шен бакъо йац. Йух-йуха а дийхира наха, шаьш хӏинца оьрсийн ӏедална муьтӏахь хир дара, цо хьаькхначу сизал тӏех а девр дацара, дӏадахийтахьара бехира. Гӏуллакх ца хилира. Хӏета, шайн махка ца дахийтахь, мичча а цхьанхьа Россех дитахьара шаьш,
1. Сцилла, Харибда - грекийн мифашкахь адамийн куьцаш долуш къиза ши экха. Туркойн, оьрсийн паччахьийн деспотизм оцу шина экханах таръеш аьлла Ф. Энгельса (К. Маркс, Ф. Энгельс. Соч., 39 т., 247 агӏо).