Хала дара и тӏелхигаш цхьана хенахь чоэш, гӏовталш, вертанаш, башлакхаш хилла бохучух теша. Кхин а хала дара и адамаш цхьа масех шо хьалха дуьненахь а цӏейаххана майра, каде, говза тӏемалой хилла бохучух теша. Чохь са доцуш санна, севцца, кхоьлина бӏаьргаш, йевлла йаххьаш, кенах тарделла кортойн чоьш. Дукхахберш – когашӏуьйра, важаберш – неӏармачийн бахтарш когахь. Мацалла гӏелделла, тӏехь дерзина, мажделла, пӏендарш, пханарш тӏе а девлла, куьйгаш лаьцна йуххедаьхний, гехь-мараххьий бераш. Дакъа кешнашка эцна боьлхуш санна, гӏелйеллачу говрашкара чу а биссина, церан архаш лаьцна, тийна, кхоьлина, меллаша тӏеоьхура уьш. Схьагарехь, хийлазза шен куьйга къиза кхел йина векъана ӏаьржа эпсар а лаьттара бохамаша эрчадаьхначу оцу адамех цецваьлла, шен карара йуьйлина тапча а йицйелла.
Ӏела дозанехьа дӏахьаьжира. Туркойн гӏашлойн отрядаш коьртехь говрашкахь баттара даьхна тарраш буйнахь эпсарш а болуш, тоьпаш хьалха а лецна, цхьатерра гӏулчаш йохуш, схьатӏеоьхура. Царна аьтту а, аьрру а агӏонашца, тӏехьа а дикачу дойшна тӏехь чухахкавала кийчча лаьттара масех эзар дошло.
– Вежарий, йижарий! – кхайкхира Аьрзу нахехьа а вирзина. – И тӏедогӏу эскар, чухахкабала кийчча дошлой, тӏетоха кечйина йаккхий тоьпаш а гой шуна? Тӏаьххьара а хотту шуьга: йухадоьрзу вай йа хьалхахьа дӏагӏоьрту вай?
– Хьалхахьа дига, Аьрзу!
– Йуханехьа некъ бац!
– Даймохк йа ӏожалла!
– Зударшна, берашна, цомгашчарна хӏун де вай? – маьхьаршна йуккъехула декара Аьрзун аз.
– Дерриг кхузахь делла дӏадевр вай!
– Гӏазот!
– Хан ма йалийта, Аьрзу!
Шена тӏе а йалийна, дӏахӏоттийначу говрана тӏехиира Аьрзу. Шайн-шайн говрашна тӏехевшира бӏенчаш а.
Гӏуллакх девне дала доллийла хиъна туркойн кхо эпсар, шайн дойшна шодмаш тоьхна, хаьхкина йухавахара.
– Кӏентий! – мохь туьйхира Аьрзус. – Вай кхидӏа гӏулч тасахь, туркоша вайна тоьпаш тухург хиларан шеко йац. Дӏадаханчу ӏай Шелахь, Сту бийначу арахь, хилларг ма хилахьара вайх тахана. Нагахь туркоша вайна тӏе тӏом болабахь, зударшкара герз схьа а эцца, дуьхьало йан пурба ду шуна. Болх Даллий, пайхамаршний, эвлайаашний тӏе билла, амма герз а, дой а кийча латтаде!