Оцу цхьана буьйсано буткъбина, чорха тӏе лаьцча санна, ирбина Аьрзун мара. Кегий сурхаш тоьхна бета гонаха. Детта цӏий ду сирделла догӏучу месалчу мекхаш тӏехь. Эсета сихдинна хи хьоьккхушехь, дакъало лилхина балдаш.
Ӏелас маракъуьйлу вешин базбелла корта. Ши-кхо гӏулч дехьахь, вертанна кӏел, когаш гуш ӏуьллу Чорин дакъа. Йоьхначу неӏармачаш чуьра аракъеда когийн ӏаьржа, эттӏа пӏелгаш. Вертанна кӏелхьара чевнех ӏийдаделла цӏий, жима ӏам хӏоттийна, детта. Селхана суьйранна садаьлла цуьнан. Дӏаволла а ца кхиъна, буьйса тӏехь йаьккхина.
«Аьрзу, дела йала хьан хьо везарг, къаста доллу-те вайша? – кийрахь йоьлхура Эсет. – Хӏай, веза Дела, хьайн къинхетам бай, витахьа суна хӏара, тхойшиннан беран дуьхьа а…»
Куьрк санна, батталучу шен кийрара, цхьа башха хеталуш, кхагаран хьожа йогӏура цунна. Ойланаш цкъа дӏайаханчу хенан кӏорге уьдура, йуха йехха таханенна тӏехь соьцура, тӏаккха кханенан сурт хӏотто гӏертара. Хаьдда иза доьзалх а, йиначу йуьртах а, даймахках а. Берриг бевза-безарех. Шена везачух а йолуш йоллу хӏинца…
«Ванах, вала воллу-те Аьрзу?» – воьхна хьийзара ӏела. Аьрзуна хиллачу луьрачу чевно са а даьхьна, селхана дуьйна дуьххьара къонахалло дӏатесна, вешин корта шен кара а биллина ӏара иза.
Тӏейиллина бел, зӏокберг, диг долуш, дечган лами айъина, тата доцуш тӏевеара турко а, эрмало а. Лами охьа а хӏоттийна, туркочо доӏанна куьйгаш лецира, ткъа эрмалочо, шайн маттахь кадам беш, гӏайгӏане корта лестабора. Тӏаккха шиммо а бартий, куьйга-эшарий къамел долийра.
– Велларг дӏаволла гӏо дийр ду оха, – цкъа Чорина, йуха охьа чу, белларш дӏабухкучу гу тӏе, пӏелг хьажийра туркочо. – Оха тхайца гӏирс беана оцу гӏуллакхна.
– Ткъа шун дархо йуьрта, тхешан хӏусаме, дӏавуьгур ву, – цкъа Аьрзуна, йуха йуьртехьа пӏелг хьажийра эрмалочо. Тӏаккха, стигала пӏелг хьажийна, тӏетуьйхира: – Догӏа делха герга ду. Дохк долуш шийла йу. Дархо мегар вац арахь. Йуьртахь табиб карор ву.
Гӏоьнна орцахбевлла, ӏуьйрре дуьйна хаддаза кхуза оьхура гонахарчу йарташкара туркойн, эрмалойн, курдойн, гуьржийн ахархой.
1. Табиб - лор (туркойн маттахь)