Тхайгара герз дӏаоьцурш бусалбанаш ца хиллехь, царах лата дино тхаьшна бакъо луш хиллехь, оха иза дӏалур дацара, тхаьш дерриг делла дӏадовллалц. Тӏаккха тхо дӏасадаржийра – Диарбекирей, Чабакчарей, Мушей, Гасан-Гӏалий, Эрзерумей…»
Цул тӏаьхьа йалх шо даьлча, лечкъина даймахка цӏа вирзинчу Маккхала Бенахь шен бӏаьхаллин накъосташка дуьйцура:
«…Тхо Хонкара кхаьчна дукха хан йалале, докъар а, дажо мохк а ца хилла, мацалла делира тхан даьхний, бераш мацалла ца далийта гӏерташ, тхешан сал-пал йоьхкина кхачийра оха. Хьалхарчу деа шарахь туркойн ӏедало дама а, цкъацкъа дуга а лора тхуна, амма иза тхуна логах тоххал а ца хуьлура. Халла луш долу иза а сацийра тӏаьххьарчу шерашкахь. Мангало буц санна, хьоькхура тхо мацаллой, уьной, махкаллой. Туркойн ӏедалан омрица эзар стаг волуш Диарбекирерчу нохчех дошлойн бӏо вовшахтуьйхира. Цуьнан эзарнча хӏоттийра аьрстхойн йуьртден Цугин ӏелаханан вешин кӏант – шовзткъа шо хенара Шамхалбек. Оцу хенахь ӏаьрбийн махкахь хилла гӏаттам хьошуш дакъалоцуш бара Диарбекирерчу нохчийн и бӏо а…»
Нийсса бӏе шарахь ша мерза сатийсинарг, кӏезиг хиллехь а, кхочушхилира Оттоманан Портин! Амма иза, кӏезиг хилла ца ӏаш, дуьххьарлера а, тӏаьххьарлера а кхиам бара цуьнан…
Хьалхарчу книгин чаккхе.
1962–1970.
Мескита – Москва – Мескита