Хортӏас къедочух ца кхетта, чохь берш цецбевлла цуьнга хьаьвсира.
– Хьастагӏа Соьлжа-Гӏала меха ваханчу хенахь сан хьешаша дийцира соьга цигахь вайн берашна деша йиллина оьрсийн хьуьжар хилар. Цара ишкол олу цунах. Цигахь ӏамориг оьрсийн ӏилма ду. Воккхахволчу кӏантах Асхьабах-м ӏилманча хир вацара, Петарбухе вахийтича а. Иза сайца туьканахь а сацийна, важа, жимахверг, цига деша дӏавала сацам хилла сан. Ахь хӏун олу цунна, ӏоса?
– ӏаламат дика хир ду! Сан а делира цига дӏадала бераш, ас минот йоккхуьйтур йацара цаьрга цӏахь!
– Ловдин кӏант ваийтахьа сайчуьнца.
– Дӏаваьллахь! Суна лууш ца хилча-м, хӏуьттаренна а вохуьйтур вара цо иза, амма, суна лаьий хиъча, цига ца вахийта, цунна урс хьокхур дара цо! И гӏуллакх дика дагадеана хьуна, Хортӏа.
Хьийзош йуккъедевлла деза суьлхьанаш хьарччийна буйна а доьхкина, кӏегархиира Шахьби. Тӏай тӏе гӏортийначу бугӏичух цӏийбелла ши бӏаьрг, схьаэккха санна, къаьрзинера. Халла хаалуш йегайора некха тӏе йижина кӏайн, шуьйра маж.
– Хьо Делах ваьлла-м дукха хан йара хьо, хӏинца оцу берах а мунепакъ ван ойла йу хьан? – тӏечевхира иза Хортӏина. – Вуьшта, дуьйцу хезча а, эхь дац иза? Керстанан кара бер ло, ша хьера ца ваьлча?
– Шахьби, ас хьоьга хоьттуш хӏумма а дац, вист ца хуьлуш ӏехьа.
– Соьга хоьттуш хӏума хьан хӏунда дац? Кху йуьртахь дин латторах, шарӏ латторах Далла хьалха жоп дала дезарг со вац? Хьо, велча, лийчо везарг, дӏаволла везарг со вац ткъа?
– Ой, сол тӏаьхьависа а ойла йу хьан? – велавелира Хортӏа. – Хьайна ши-кхо аьрша маша йа цхьа шекаран корта белчхьана, ахь-м хьакха а лийчор йарий-ц!
– Забар – забар йу, Хортӏа, амма цхьадолчу хӏуманаш тӏехь Шахьби хьоьга бакълоь, – гӏуллакх забарна тӏера дӏадала доллийла а хиъна, маслаӏатна йукъавуьйлира Товсолта. – Гирзаш даьллачу цхьана уьстагӏо жа талхийна, бохуш ду. Хьан кӏант ахь керстанийн буйна дӏавелча, иза, бусалба динах а, нохчийн гӏиллакхех а хаьдда, цӏа воьрзурий-те, бохий цо-м. Харцахьа ма ийзал ахь.
– Хӏай-хӏай! Керстанний, бусалбанний йуккъехь цкъа а хир бац машар. Вайн дай, йижарий, вежарий, доьзалш байъинчу, вайна хӏара дуьне къийдинчу оцу Делан мостагӏийн кара ӏамо доьзалхо ло ткъа? – мохь хьоькхура Шахьбис.