Шовзткъа эзар тӏемало хьайца валош,
Тхан махка хьо веача, сардал-ахпаччахь,
Беккъа цхьа нохчаша – болатан дегнаша –
Дуй биира тӏаьххьарниг кхаччолац лета.
Шайн йуькъачу хьаннашкахь вохийна цара,
Кхолламо эхь дина, хьо цӏехьа вирзира.
Шорта бу Нохчийчохь къонахий майра,
Шайн дуйнна, шайн дашна тешаме нохчий,
Набарна буьйшуш а йукъах герз ца достуш.
Мел буьрса ду церан терс-маймал тарраш,
Ткъа дой ду ламанан лечанал маса…
Мохьмад-бек Аварский
Гати-Юьртахь уггар къеначу нахах цхьаъ а, оцу заманахь йерриг Нохчмахкахь цӏейаххана вевзаш а стаг вара Муцӏин ӏоса. Бакъду, ӏосин цӏе йоккхучо иза неӏалтаций бен ца йоккхура.
Гӏеза-Махьма имам валале жимма хьалха, Нохчийчохь цхьа а шайх воцчу хенахь, нахана мичара веана а, мила ву а ца хууш, шеца кхо накъост а волуш Яьссица хьала Гати-Юьрта веара зоьрталчу дегӏахь, шовзткъе итт шо хенара, йуьхь тӏехь цӏен бос богуш безамехь стаг. Цо буьйцург гӏумкийн мотт бара, амма цунна улло ваьллачу кхаа нохчочо чӏагӏдора, цо буьйцург туркойн мотт а бу, и схьаваьлла меттиг хууш стаг а вац, Нохчийчохь шарӏ кхайкхо Дала ваийтина эвлайаъ ву иза бохуш.
Гати-Юьрта а воьссина, кхузахь иза нахе шеца тобанаш дайта ваьлча, цхьа ӏоса воцург, берриш а, цунна резахилла, тӏаьхьахӏиттира. Реза ца хуьлийла а дацара. Цкъа-делахь, Къуръан тӏера цхьацца айаташ а далош, цо бохура, ша аьлларг дина, шена тӏаьхьа ца хӏоьттинчу стеган дуьне а, эхарт а декъаза хир ду. Цо дуьйцура, вай керста дине дерзо, вайгара хӏара мохк дӏабаккха ойла йу оьрсийн паччахьан, бусалба дин а, маршо а йезарг, шена тӏаьхьа а хӏоттий, гӏазотана гӏовтта бохуш.
Амма Муцӏин ӏоса кхеро дуккха а адамаш ирхъохка дезара.
– Ма ӏехадайта шаьш оцу шуьйра шарбал йолчу гӏумкичуьнга. Иза эвлайаъ а вац, йа цунна хууш хӏума а дац, дӏаэккхаве иза кхузара! – бохуш, йуьртахошка кхойкхура ӏоса.