го хьо лекха, элдара дегӏарчу хьаьрсачу жимачу стага. Амма цунна тӏехь дерг дерриг а нохчийн духар дац. Коьртахь – лекха кивер, тӏехь – Курински полкан тиша мундиррий, хечий, когахь – лекха эткаш. Иза, дукха хан йоццуш ведда нохчашкахьа ваьлла, Гати-Юьртахь сецна къона салти, Дакашан доттагӏ Василий Лопухов ву. Нохчийн хелхарх шен гӏуллакх ца хуьлий хиъча, киверан лалам оьзна чӏенга кӏел балийна, хьаьрсачу мекхех куьг а хьаькхна, оьрсийн халкъан хелхар до цо. Цуьнца гонна йукъайаьлла йоӏ, ша хӏун дер ца хаьий, йукъара дӏайолу. Кегийрхоша тӏараш детта.
– Хӏарсса!
– Гора, Васал, йаӏ!
– Хорош!
– Ошшан хорош!
– Къонах ву!
Гӏадбаханчу баккхийчу наха, доьхкарех схьайохуш, хӏаваэ лоьцуш, тапчанаш йетта. Тхов тӏехь цӏевнаш йуккъе а лечкъина, доттагӏчуьнга а хьоьжуш, воьлу Дакаш а.
Дакаш воккхаве. Хилча хӏун ду тӏом? Амма иза а йа оцу йуьртара цхьа а гӏур вац адамийн цӏий ӏено нехан махка, ткъа шайн Даймахка, шаьш динчу йуьрта йамартлонца гӏертачух леташ лийр ву хӏор а. Тахана чекхдолу ловзар. Тховса моллица мах бийр бу, тӏаккха Далла а, нахана а хьалха цуьнан зуда йу хӏинца кирхьанна тӏехьа лаьтта Малика. Дала мукъалахь, чекхбер бу хӏара неӏалт хилла тӏом, Дала къарбина совцор бу паччахьан инарлаш а. Тӏаккха и шиъ маьрша дехар ду. Хьуьна йуккъехь ирзо доккхур ду, ши сту а денбийр бу, йетт а хир бу, доьзал а кхуьур бу…
И ойланаш йо ловзарга хьоьжуш ӏачу Дакаша. Йа цунна а, йа ловзаргахь волчу цхьанне а ца хаьа, сутара бага а гӏаттийна, текхаш богӏу саьрмак санна, царах цхьаболчарна ӏожалла йохьуш, ӏоса хьалха а ваьлла, дехьа регӏа хьаладолуш паччахьан эскар дуйла. Ца хаьа, и эшарш лоькху мехкарий кестта шайн дайн, вежарийн декъаш тӏехь боьлхур буйла, дуккха а къонахех дуьне дуьсур дуйла, иттаннаш байш, жоьра бисина зударий суьйранна шийлачу хӏусамашка декъашна гонаха ховшур буйла.
Дехьа регӏаца ха дечу бӏаьхоша, кхерам герга буйла хаийта, кӏур беш, цӏераш латайо.
– Къонахий, маьждиган майдана гулло! Зударий, бераш орца довла! – хеза маьждиган момсар тӏера схьа.
Хаам хӏор а хӏусаме кхочу.