– Барин, доьху хьоьга, сан майра ма ву, со муха хьажа йеза цунна дуьхьал…
– Хьалхайала, ца боху хьоьга? Ас, месаш лаьцна, текхош йуьгу хьо!
Барин тӏегӏоьртира, ткъа нана, ши куьг некха тӏе а таӏийна, кӏегаръоьхура.
– Барин, хьай Делан дуьхьа! Со маре йоьдучу буса айхьа дайъина сан сий ца тоьу хьуна! Оцу берах мукъане а эхь хетахьа. Иза-х дерригенах кхета.
Барин, ка хьалха а тесна, тӏекхета санна, тӏегӏертара.
– Хӏетахь дуьйна диъ шо даьлла. Хӏинца хьо муха йу хьажа лаьа суна. Ас бохург де, гӏовгӏа а ца йеш… Йа, ас уггар къиза помещикаш лехна, цхьаццанхьа дӏадухкур ду хьо а, хьан майра а, кӏант а!
Барино, цӏеххьана катоьхна, пхьарс лаьцна, дӏаозийра иза.
– Хӏан-хӏа, ахь йийча а, дийр дац ас ахь бохург, – карара пхьарс схьабаккха гӏерташ, йеттало нана охьайуьйжира.
Баринан андий пӏелгаш чудиссинера цуьнан кӏайчу, кӏедачу пхьаьрсах. Иза шена тӏаьхьа ца йогӏий хиъча, схьалаьцна, цуьнан месаш куьйгах хьарчийна, дӏатакхийра цо.
– Ваня! Орцахвалахьа, Ва-ня! – мохь оьхура ненан.
Васяс, ша хӏун до ца хууш, кхоссавелла настарх хьаьрчина, лекхачу эткан бертигал лакхо цергаш тесира. Лазийначу барино ластийна мийра чоже кхетта Вася, керчина, масех метр дӏавахара.
– Вася! Васютка! Сан бер!.. – ненан мохь хезира цунна ша синкхетамах волуш.
Кхетаме веача, шена уллохь, йерриг йуьхь йерина, йоьлхуш нана а, мере оьзначу голаш тӏе корта а таӏийна, сауьйзуш ӏен тӏехьа, коч айайеллачохь, хечин борчехула хьала а, букъа тӏе а хӏиттина цӏен аьрснаш а долуш да а гира цунна…
Хьуьн чуьра араваьлла Васал, ши куьг букъа тӏехьа а диллина, меллаша цӏехьа волавелира. Дукъа тӏе хьалаваьлча, кешнашка нисвелла, сецча, доцца доӏа дира цо. Тӏаккха, йуьйцинчу кертах дехьа а ваьлла, тӏехӏуттуш, хӏор а коша тӏехула дайн куьг хьокхуш, чекхвелира. Баьрзийн гӏовлешка дийгӏина гӏайракхах кечдина тӏулгаш а, ӏарждала доьлла хӏолламаш а дара. Васална бевзара баьрзнаш кӏел бохкурш. Уьш цуьнан бӏаьхаллин накъостий бара, бархӏ шо хьалха дехьа чохь ӏаьрчхе-Юрт барона Николайс йохочу дийнахь байъина. Хӏинца йац цигахь и йурт. Лаьттаца дӏашарйелла. Дохийначу цӏенойн баьрзнаш ду охьадилхина довлаза пенаш хаалуш йукъ-йукъа.