Паччахьан командованис шен берриг тӏеман ницкъ Нохчийчу теттича, цунна дуьхьалхӏоттийна йара Шелара окоп. Цо царна дӏакъевлира Йоккхачу Нохчийчоьнан йуккъерчу йарташна тӏебоьду некъ. И окоп ларйечу Тӏелхагна гӏоьнна кхуза баьхкира нохчийн дошлошца наибаш Гӏойтамар а, Ботакъ а, Соӏду а, Эски а, суьйлийн дошлошца Хьаьжа-Мурд а, гӏашлошца Лабаза а. Резервехь лаьттачу хьуьнаршца цӏейаханчу Аьрзун бӏоца волчу Василийна шера гора тӏамна кийча шина а агӏорхьара эскарш.
Махо ловзадо Тӏелхагна тӏера ӏаьржа верта. Хетало, иза махо айъина лелош санна. Цуьнан свитица массарел хьалха цунна тӏаьхьавогӏу элдар дегӏара куьце къонах. Хӏаваэхь ловзу цуьнан карара ӏаьржа байракх. Стенна алахь а, оьрсашлахь артиллерийски аьлла цӏейахана иза Тӏелхаган байракх йу. Ткъа и куьце къонах Косолапов ву, бусалба дине вирзинчул тӏаьхьа нохчаша Жабраил аьлла керла цӏе тиллина. Цуьнан говран гоа тӏе муцӏарш йехкина догӏу Тӏелхаган шина кӏентан дой. Саьнгар тӏехь лаьттачу пхеа йоккхачу тоьпан батарейна тӏевахана, церан кечаме а хьаьжна, цигахь Косолапов а витина, тӏамна тӏехь куьйгалла дан лекхачу гу тӏе хьалавелира Тӏелхаг.
Амма Тӏелхага ладегӏна тӏом оцу дийнахь ца хилира. Хи чу тесча санна, дайра цо масех баттахь хьегна къа. Штурм йолалуш оьрсаша дуьххьара тоьхначу йаккхийчу тоьпийн хӏоьънех цхьаъ молханан склада чу кхийтира. Дуьне къардан санна, тата делира цӏеххьана. Хеталора, латта, семанна тӏера а даьлла, цхьана бух боцчу йесалле хецаделла. Гӏопан баролна чоьхьара лаьттан тархаш, тӏулгаш, чхаьрнаш, дукъош, гоьргаш стигала хӏаваэ хьалаоьхура. Цаьрца хьалаоьху адамаш, лакха хӏаваэхь хьаьвзий, масех ӏуьнцӏалг а боккхий, ӏода кхийсича санна, йуханехьа лаьтта охьахьолхура. Хьалахьоьжучу Василийна оцу къематденна йуккъехь гира говрахь байракх карахь, ирхвахана, хьаьвзина, масех го а баьккхина, цхьа стаг йуха лаьтта охьавогӏуш.
Иза Гавриил-Жабраил вара. Кхин хуьлийла а дацара.
Иэккхар дӏатийча, оьрсаша штурм йолийра. Оцу эккхаро хьалхалера планаш йохийна Тӏелхаг йухавелира. Оьрсаша дуьхьало йоцуш дӏалецира окоп.