Шайн вархӏий дай денбелла схьабогӏуш санна…
Арахь лаьтта Маккхал чу а вехна, шен секретарь Мохьуммад-Тӏахӏир ал Карахи схьакхайкха аьлла, омра дира имамо. Дукха хан йалале диване гулбелира имаман везираш, ӏеламчаш, наибаш.
Тӏаьххьара а, цхьаъ бен боцу пхьарс лаьцна, Гӏеза-Махьмас чувалийра Бенойн Бойсагӏар. Ах го бина Шемална дуьхьалбирзина хевшинчу ӏеламчашний, наибашний йуккъе дӏа а хӏоьттина, шен туьра тӏе тевжира иза. Моьнаша аьхначу цуьнан озачу йуьхьа тӏехь, седа санна, лепа цхьаъ бен боцу бӏаьрг, чуьрчу нахана тӏехула а кхерстина, имамна тӏебогӏабелира. Тӏаккха, кӏез-кӏезиг хершнаш шарлуш, буьрса йуьхь йекхайелира, балдаш кӏоршаме делаозийра. Бойсагӏаран майраллех хьоьгуш, даим цунна хьалха суждане оьхучу Гӏеза-Махьмина хиира иза цхьа доьхнарг ала воллийла. Иштта Гӏеза-Махьме хьаьжира Бойсагӏар масех бутт хьалха, иза лаца дас хӏара Бена вахийтича.
Бойсагӏар йуьхьанца тата доцуш вела вуьйлира, тӏаккха, кӏез-кӏезиг хецалуш, кӏажвахара. Имам цкъа вуьйхира, тӏаккха, оьгӏазвахана, кондарш санна, цӏоцкъамаш ирхдахара, хьажа йуккъе буьрса шад гулбелира.
– Хьо стенах воккхаве, сан майра лом Бойсагӏар? – хаьттира цо, аз ца айдеш. – Кхечарна дагадеача а айса могуьйтур доцург ахь лелорах гечдеш, ас вон ӏамийна хьо. Амма, хаалахь, собар кхачалуш хӏума йу хьуна!
Баьллачу бӏаьргах хи тассалц вийлина Бойсагӏар, дог ӏаьбна, эххар а сецира.
– Со мила ву, вийча а, ваьккхича а! – элира цо халла цӏенкъа охьа а хууш. – Цхьа куьг, цхьа ког, цхьа бӏаьрг боцу гуьйриг! Амма кортош даха дезарш кхебира ахь, хьоьстуш, тӏе куьг хьоькхуш. Со стенах воьлу, хоьтту ахь? Дагестанера эккхийна хьо тӏе а лаьцна, хьох имам вина, ткъа шарахь гехь лелийначу нохчех воьлу-кх! Ткъа шарахь хьуна тешаме гӏуллакх дира оха. Ткъа шарахь хьан сий лардира тхан наибаша. Амма оцу ткъа шарахь цхьа а нохчийн наиб а, ӏеламча а хьайн диване ца хаийра ахь! Царалахь уггар гӏийлачу, сонтачу санний, ӏусманний кхаж бели-кх дуьххьара кху чу охьахаа! Тамашийна хӏума дац хӏара? Ва-хьа-хьа-хьа! Вахьа-хьа-хьа!
– Тоийта забарш, Бойсагӏар! – човхийра иза Шемала.
– Ва-хьа-хьа-хьа! Ва-хьа-хьа-хьа!