Эццахь йара «хьан дуьне» доладелла хан, и дуьне хьу́на кхидӏа дан а дац моьттура. Цунде́ла хилла хилле́ра хьо ирсе́ а.
Аьхке йовха латтахь а, догӏанаш-м хӏинца дера ма до́гӏу... Беша йоьду иза, аьлча а, беш лаьттинчу метте. Бӏарлагӏа санна дуьхьал хӏуьтту цунна, наж санна, нуьцкъала ӏаж, цунна бухара сийна буц, гонахара, бе́раша ах-улх кегйина, халла лаьтташ хилла йолу йуьйцина керт. Хӏетахь цунна дукхайезара и меттиг, иза йицлора цигахь. На́нас, «гӏуллакх хьоьжуш ду» о́лий тӏаьхьа мохь тухий дӏайуьгура иза. Хӏинца, хӀинца латта хьайна ма-ттов, хьайн дагалецамийн у́рамаш цоьстуш... Хьо кхойкхур йац хӏинца... Иза дӏайахана, кӏайн ӏаж санна, лаьттина меттиг а йо́цуш. Ӏежан майда малхо йотту хӏинца. Йеса майда. Дагалецамах чекх хьажа гӏерташ санна, хьогаме хьоьжу иза Ӏаж лаьттинчохь йиллинчу бетоне. Цунна хета-кх, дӏайахна хаза хан цу бетонашна бухахь йисча санна. Кӏайн ӏаж… Кӏайн Ӏаж-м, наггахь, ба́зарахь бухкуш нисло, ткъа цуьнан чам... иза дуьнен чохь цхьахьа а ца карабо...
Эльдерханова Зайнап