1933-1941-чу шерашкахь ГУЛАГ-н лагершкахь бархІ шо даьккхинчул тӏаьхьа, шозлагӏа а халкъаца Даймахках ваьккхина, казахийн шийлачу аренашкахь халонаш а, баланаш а лайначу, цкъа а доьналлех, оьздангаллех, собарх ца вухуш ваьхначу, 1949-чу шеран 14-чу апрелехь Ош областерчу Жанги-Жол районерчу Успеновка йуьртахь кхелхинчу, цигахь дӏавоьллинчу сайн дена ӏабдулхьаькимна.
Шен раж эцна доьдура эзар исс бІе шовзткъе пхоьалгӏачу шеран февраль беттан цІемза де. Кӏилбаседехьара хаддаза схьахьоькхучу шийлачу мохо лоькхура дерзина дитташ.
Кӏеггина йекхна хуьлу стигал оцу дийнахь, дошан баса йирзина, кхоьлина, догІанан мархийн Іаьржа сомалкхаш охкийна, мохь аьлла йелха йохкуш санна, кхохкийна кхозура. Цхьа дагна хийра, оьгӏазе хеталора тІера ло даша доьлла Тянь-Шанан лаьмнийн Чаткхалан дерзина даккъаш.
Йуткъа шок йетташ, лай тӏера схьахьоькху шийла мох, хьакхабелла меже шелонца морцуш, кӏад ца луш, массо маьӏӏехула кхерстара. Адамийн дегнашна тІе цхьа беза сингаттам туьйсуш, маьхьарий хьоькхура, йочанийн кхаъ кхайкхош, дерзинчу дитташна тӏехула хьийзачу къийгаша.
Дерриге а ӏаламехь хила ма-деззара хуьлуш, цхьаннен а цхьа а тайпа хийцам бан ницкь боцуш, шена ма-ттов чекхдолуш доллура и шийла ӏа. ТІейогӏучу бІаьстенан меттиг мукъа а боккхуш, и ӏа кхин цкъа а йуха ца дан дІадерза дукха хан ца йисинера.
Оцу доьхначу дийнахь ламанан тІулган басахула, лаьхьа санна, сетташ хьалаболучу гІашлойн новкъа дечиган маххьаш а гехь меллаша охьайогӏура ши зуда.
Шиннах цхьаъ – тІейуьйхина эттӏа тӏелхигйаьлла, берриге а бамбеш а охкабелла тиша тужурка а, бамбин одеялах тегна йеха коч а, коьрта тиллина лелийна тишделла кІинж йолу доккха кортали а, когахь истангах тегначу пезагашна тӏехула йуьйхинчу калошца шовзткъе итт шарал тӏехйаьлла зуда тІехьаьжча шен хенал а йоккха хетара.
Цхьана хенахь хазачу куьцахь хилла цуьнан лекхо дегІ а, горга йуьхь а, хІинца а тӏера хазаллин лар йанза, безамехь гора. Къежделлачу гиччоша а, хебаршка ихначу беснеша а, кІоргга хьех чуэгначу кхоьлинчу бІаьргаша а тоьшалла дора иза гиначу бохамаша хеназа къанйина хилар. Амма и