Йуьртан а, школан а куьйгалхой мел чӏогӏа гӏертарх а, церан ницкъ ца кхаьчнера школехь доьшу хан йолу нохчийн бераш дерриге а дешарна йукъаозо. Цуьнан кхоъ бахьана дара: нохчийн берашна йа гӏиргӏазойн а, йа оьрсийн мотт а ца хаьра. Хӏокху махках а, кхузарчу къаьмнех а боьлла цахилар, шайна тӏехӏоьттина хало а. Цундела, школан хьехархойн коллективо къаьсттина а йоккха терго йора доьшуш долчу нохчийн кӏеззигчу берийн. Занятеш чекхйевллачул тӏаьхьа биллина дӏа цаьрца болх бора, харцахьара лелча а, гечдора. Шаьш иштта церан догъэцча, важа дисина бераш а школе дахкаре догдохура хьехархоша.
…Дешаран шо доладелла бутт а балале, пхьоалгӏачу классераБерса а, ворхӏалгӏачу классера Митька Величенко а валош Николай Кузьмичан кабинет чу йеара пхоьалгӏачу классан куьйгалхо къона хьехархо Валентина Андреевна. Шина а кӏентан йаххьашна тӏехь сийна буьччалгаш а, цӏийн хьоькхнаш а йара.
– Сан бехк бац! Иза ша хьалха летира сох! – мохь хоькхураМитькас, велха а воьлхуш, – даим массеран а кочахь ву иза. Цо сайна тӏулг тоьхча, летта со. Тӏехула тӏе, ша, урс ӏоьттина, сан гай хоьцур йу бохуш, кхерамаш туьйсура цо…
Берса, вист ца хуьлуш, оьгӏазе шен довхочуьнга а хьаьжна, доккха са а даьккхина, соне вогӏавелира.
– Митькас дуьйцург бакъ дуй, Берса? – хаьттира Николай Кузьмича.
Берса вист ца хилира.
– Гой хьуна, Николай Кузьмич! Бакъду, дера-кх! Дӏатийний? Вистхила йуьхь ма йац цуьнан!
– Ткъа хьо вист ма хила! Хьоьга ца хоьтту цо. Хьан гӏоггӏал воцу Берса ма дика лета хьох? Хьайн бехк нахана тӏетатта ма гӏерта! – Берсегахьа гӏодаьккхира Валентина Андреевнас.
Баркаллех буьзна ши бӏаьрг Валентина Андреевне а хьажийна, йуха а охьатаьӏира Берса.
«Бераш – бераш ду-кх, – ойла йора Николай Кузьмича, цаьршинга а хьоьжуш, – шайниг дуьтий ца ӏа уьш цхьаннахьа а, цкъа а. Чевне хӏума ца хуьлура царна йукъадогӏург-м. Цхьа сахьт далале, тан а тайна, цхьаьний ловзуш дӏаволалур ву. Амма Митька иштта дӏавахийта тарлур дац. Цхьанна гечдахь, бисинарш а эвхьазбевр бу».
– Хӏаъа, дера, ду шу, Митя, дика кӏентий. Вокх-воккханиг жимачух лета. Кху цхьана баттахь масазза а низам талхийна ахь. Классан куьлйгалхочо масазза а валхийна хьо. Хьайн къена нана ас педсовете кхойкхийла лаьа хьуна? Хьан да вийча,