ӏа ма дара. Дохнан фермехь ца бича, кхин болх а ма бацара.Хилча а, къеначу шимма болх муха бийр бара? Ткъа десте – десте йу. Уьш дика бехачу хенахь а, меракӏантаца къиза хилла иза. Хӏинца, къелло гатбича, уггар а карзахйаьллера. Да чохь воц-воцчухула Муса хьийзавора цо, сагӏа деха гӏо бохуш. Цо дуьххьара шега и дешнаш аьлча, ӏадийча санна висира Муса. Сагӏа деха! Нохчаша даим а эхье деринарг! Йа цунна а, йа цуьнан вархӏе дена а ца гина сагӏа доьхуш нохчо! Мусас дуьхьало йира. Тӏаккха церан жимачу доьзалехь дов доладелира. Бакъду, шен зудчунна а, кӏантана а йукъахь долу дов дена ца хаьара. Мусас дукха садиттинера дестечуьнгахьара хуьлучу цатемашна. Къеначу ден дог ца доьхчахьана. Ша бахьана долуш цаьршинна йуккъе вас ца йоьжчахьана, шена цатам хиларх могуьйтура Мусас, амма дестечо хӏинца тӏеӏуьттург дан йишйоцуш гӏуллакх дара. Мацалла велча а.
– Цхьанна гахь, тӏаьхьарчу тӏаьхьенна а тӏехтохам хир бу. Ас дийр дац иза, нана, – йухагӏоьртира Муса.
– Мацалла дала деза вай? Йа къена со, таьлсаш коча а тийсина, арайаларе догдоху ахь? Йа, хьо цӏа хиъна а ӏаш, хьан къена да хӏитта веза нехан неӏаре? – тӏейегалора цунна десте. – Вайнах боццуче гӏо. Районехь ӏаш цхьа а нохчо вац. Йуьрта йуккъе а ца хьийзаш, йистошкахула хӏума йеха. Адам дика ду. Жима хьо неӏаре хӏоьттича, кхалла хӏума ца луш вуьтур вац.
Муса вист ца хилира. Дӏа ойла йича, цхьана агӏор бакълоьрадесте. Сагӏа дехар эхь ду бохуш, кху чу а дийшина, мацалла дала йиш-м йац. Шена хьалхара да вохуьйтийла а ма дац. Дависарг-йаӏ, Мусал хьалха кхечо дӏадолийна мукъане а делара. Мусана ца лаьара и эхье гӏуллакх шегахула дуьххьара къомана тӏеэца. Хьанна хаьа, къайллах иштта цхьаццанхьа кхин берш лелаш хила а ма мега? Цо динарг диса а ма тарло цхьанне а ца хууш. Амма – хаахь? Хӏан-хӏа, дуьйцийла а йац! Цулла-м, мацалла валар гӏолехь йу…
Масех де делира цуьнан даг чохь къийсаман дарц хьийзаш. Де-дийне мел дели, ойла дестечо аьллачунна тӏетийжара. Бакъду, шен дуьхьа а, йа дестечун дуьхьа данне а дацара цуьнан ойла хуьйцург. Тӏаьхь-тӏаьхьа гӏеллуш, мажлуш кӏелвуьсуш лаьтта шен къена да гича, дог дешара цуьнан.