Хӏара гуьржи ву самукъане стаг. Масазза а Нохчийчохь хилла ша, боху. Дӏогахь ӏуьллучу узбекан зуда йац. Ша товелча, цхьа жима зуда а йалийна, со ловзарга кхойкхур ву бохуш забарш йо цо. Дика адамаш ду. Вайх чӏогӏа къахета царна. Хӏокхара цамгар йаййина сан.
Чувеанчу шиннан дукха ӏойла доцийла хууш, къамел сацийна, дӏатийра Мохьмадан накъостий.
«Гор, Шахӏид йаӏ, ма халачу хьоле вожийна-кх ахь со! – ойла йора ӏалхас, Мохьмадан лекхачу, хебаршка ихначу догучу хьаьжа тӏе шен шийла куьг а диллина. – Хьанна моьттура, хьан доьзал суна кху хьолехь карор бу. Хьо дийна ву, хьо шайна тӏекхочур ву моьттуш, хӏорш ӏа, ткъа хьо, хьо вина, хьо кхиийна нана-нохчийн латта цхьана къацахетарша хьайгара дӏа а даькхина, хьо байлахь витинийла хууш санна, генарчу белорусски латто шен кийра тӏеэцна…»
…Дӏайаханчу аьхка фронтехь хьалхатеӏачу советски эскаршца цхьаьна июнан тӏаьххьарчу деношкахь Бобруйска улло кхечира ӏалха гӏуллакхдеш волу инарлин И.А.Плиевн дошлойн-механизированни группа. Цхьана суьйранна церан участкехь тӏом соцунгӏа а хилла, жимма садаӏа меттиг йаьлла, шен эскадронца жимачу кӏотарахь садаӏа сецначу ӏалхина тӏевалийра цунна вевзаш воцу къона сержант.
– Накъост капитан, хьо нохчо вуй? – хаьттира цо, маршалла хаттар а доцуш.
– Ву. Хӏунда хоьтту ахь?
Нохчийн а, гӏалгӏайн а халкъаш махках даьхначул тӏаьхьа оцу къаьмнех болчу салташний, эпсаршний тӏехь шатайпа тергам латтабора эскаршкахь гӏуллакхдечу пачхьалкхан кхерамазаллин органийн белхалоша. Ткъа вуьшта, кхечу къаьмнех болчу бӏаьхаллин накъосташца вошалла ларделира цхьа а тайпа хийцам боцуш. Хӏетте а, органаша къайлах лелочу эладитанаша кӏез-кӏезиг буллуш цатемаш буллура цхьаццаннийн дегнаш чу. Дукха хан йалале массо фронтера нохчех, гӏалгӏайх а могӏара бӏаьхой тыле дӏабигира. Изза кхоллам эпсаршна тӏе а кхочур буйла хууш, шайн полкан штабера стаг веача, йа ша цига дӏакхайкхича, дог духура ӏалхин.
– Кхузара дӏа генайоццуш цхьана йуьртахь чӏогӏа чевнаш хилла ӏуьллуш сан доттагӏ ву… Нохчо ву иза. Тахана хилла цунна чевнаш. Валарна кхерам болуш хьал ду… Ша валале йа ша тыле дӏавигале, шена тӏе цхьа нохчо кхачор дехна цо соьга. Цунна цхьанхьахула-м хезна кху полкехь хьо хилар.