бӏаьхошна йукъахь цхьацца-шишша массанхьа а баьржина сан махкахой каро хала ду… Амма, даима санна, хьо ларий хьайна тӏедиллинчу халачу декхарца… Баркалла хьуна, Вася. Хӏинца, ахь бехк ца биллахь, ас кху сайн махкахочуьнцатхешан ненан маттахь къамел дийр ду… Хьайн цӏе йийцахьа…, – ӏалхе хьалахьаьжира дархо.
– ӏалха йу сан цӏе.
– Мичара ву хьо?
– Веданара.
Дархо цхьана минотана садоӏуш дӏатийра.
– Суна хетарехь, сан оьмар миноташка йирзина. Цундела сайна ала луург хьоьга сихха дӏаала гӏоьртур ву со… Нохчий шайн даймахкахь, шайн йарташкахь бехаш хилча-м, вайх хилларг вайн доьзалшка дӏахоуьйтур дара накъосташа, командованис… Хӏинца со а, хьо а валарх, вайн доьзалшна хуур дац. Уьш мичахь бу а, дийна бу-бац а ца хаьа вайшинна… И ду соьга хьо схьакхайкхийтинарг… Сан дехар ду хьоьга ас йоху цӏераш дӏайазйар…
Арахь машинан тата хезча, сихха корах арахьожура лор. Амма цо ладоьгӏу машина гучу ца йолура.
– Со Бенара ву. Фамили – Магомадов йу тхан, цӏе – Шахӏид йу. Кхузткъе итт шо хенара да ву сан Мохьмад цӏе йолуш. Нана йац… Десте йу Бесира цӏе йолуш. Элита а, Белита а цӏераш йолуш сол йоккха шиъ йиша а, дейтта-пхийтта шо хенара Муса цӏе йолуш цхьа ваша а ву. Ший а йиша Бенахь марехь йу, Ахьмад а, ӏадиз а цӏераш йолчу шина стагехь. Хьо валаза дийна вайн нахана тӏекхачахь, и сан нах а лахий, цаьрга сох хилларг дийцалахь…– Шахӏидан ницкъ тӏаьхь-тӏаьхьа оьшуш, аз, гӏеллуш, хеда дуьйлира. – Ткъа вайн нахе беана бала, бохам… Цуьнан ойла йан воьлча, хьерваллаза вуьсу… Амма вайн халкъ мацца а цкъа шен махка цӏа доьрзур ду. Мацца дирзина а, цӏа доьрзур ду… Хено къастор ду дерриг а… Партис иштта дуьтур дац и гӏуллакх… Вай теша цунах. Ткъа вайнахана бохам бинарш таӏзарх кӏелхьара а бевр бац…
ӏалха, мацца а цкъа шаьш вайн дай баьхначу лаьтта тӏе цӏа дирзича, тхан йуьртан кешнийн кевне, гу тӏе, сан безамна цхьа жимо гӏайракхан тӏулг богӏа, алалахь…
– Хӏан-хӏа, Шахӏид, ахь санна, ас а лоцур йу и къиза ӏожалла. Со а тешна ву, вайн халкъе беанчу эрчачу бохамо хӏара дуьне а къахьдина, хьо хьо ӏожаллин бага гӏиртина хилар. Изза до ас а кху деношкахь, амма, хьо санна, ирсе ца хилла со…
– Лейтенант, къамел ма дехьа…, – йукъагӏоьртира лор. Амма иза Шахӏида сацийра.