ларош стаг вацара, Колхозехь собрани хуьлуш, ударник ву бохуш, даим стоьла улло хьаькамашна йуккъе охьахаавора иза. Цул сов, хІара Іедал доккхучу хенахь Микли-паччахьна дуьхьал тІом беш масех чов а хиллера цунна. ХІинца а сайна гуш санна хета суна, ворхӏ-бархІ шо хьалха депутаташ хоржучу дийнахь йуьртахь дуьххьара йаьшки чу тосу кхаж цуьнга тасийтар. ХІинца шен коьртахь болчу куйнаца, исхаран чоица, цунна чухула йуьйхина атлазан гІовтал, йукъах йихкина детица кхелина шаьлта. Оццул нисвелла, хазачу цуьнан Іожалла кхерстачу жІаьлин санна хили. ТІехь деша-м хьовха, аттала къилбехьа верзо стаг ца хилла уллохь. Охӏхӏай, Дела, хьан болх бу-кх! Хаац-кх, вайн Іожалла муха хир а, вайна латта мичахь доьгІна а…
– Пекъар, стенга воьдуш хилла-те иза?
– Стенга воьдуш хилла хир вара иза? Цхьа эшам бац ткъа вай дерриге а арадаьхнарг! Кхалла хІума лаха вахана хилла хир ву-кх! Веза Дела, хьуна дика хаьа хир ду-кх. КІадйелла, настаршна чохь са ца дисина сан-м. Каррехь йегайо-кх. Жимма йал йей вайша?
Зану реза хиларе а ца хьоьжуш, гира махьаца цхьаьна тІуьначу лаьтта охьахиира Хелипат.
– Тамашийна стаг йу-кх хьо, Хелипат. Хьан амалех цецйолу-кх, со, –элира Занус ша, охьа а хиъна, паргІатйаьлча.
– ХІунда бах ахь?
– Даима нахах доглозуш, царна маслаІат дан гІерташ хуьлу хьо, ткъа хьайгарчу баланех лаьцна цхьа дош а ца олу. Са чІогІа стаг йу хьо. Велла Іуьллу и воккхастаг гича, со йелхаза ца Іейели, ткъа хьан бІаьргех хин тІадам а ца белира…
Хелипат цхьа гІайгІане йелайелира.
– ЭхІей, диканиг, дера, дукха ма йилхина. Ма дукха йилхина-кх. Дукха йелхарна, бІаьргаш чохь хи ца дисина. Дог доьлху, ткъа бІаьргех хи ца долу. Ас хьаьнга балхор бара сайгара бала? Хьанна оьшу сан балхамаш, цІийзар? Мила ву цхьа бала кийрахь боцуш, Дала делла Іеш? Цхьа а вац, Зану. Къанйелла со хІинца, мел йаьхча а, дукха йехар йац. Хала делахь а, Іожалло дІайиггалц садеттар ду ас…