Берса вист ца хилира. Цунна ца лаьара шел воккхачу, цӏера арадахале цхьанхьа-м гӏалахь доьшуш хиллачу, маттана шерачу Лоьмина хьалхалелха. Ткъа Лоьмина дага а ца догӏура накъостан хаттарна жоп дала. Йохйелла, тӏера ӏаь гӏуьтту тужурка парггӏат тӏе а йуьйхина, тӏаккха шен когара буьхьигаш хьала а хьаьвзина лаьтта английски ботинкаш схьа а йаьхна, когех хьерчийна тӏелхигаш йакъо хӏоьттира иза. Карладелира цхьаьнгге ца дуьйцуш ша даг чохь къуьйлуш латто цхьа кӏира хьалха комендантца шен даьлла дов.
– Баккъалла а, дийцахьа, Лоьма, – Юрина тӏетайра Адашбай а. – Шух лаьцна наха ца дуьйцуш хӏума дац-кх. Шу басмачаш хилла, аш фашисташна гӏо дина, боху-кх…
Лоьма оьгӏазе Адашбайга хьаьжира.
– Ларлуш хила, кӏант! Хьанна хаьа, сан карара хецайелла хӏара ботинка хьан муцӏарх кхетахь а. Тхуна мичара хаьа, тхаьш схьа хӏунда далийна? Хьуна хуур дарий, цхьана ӏуьйранна хьо, меттара а гӏаттийна, шарбал тӏе йуха а ца кхиавеш, хьалха а эккхийтина, тӏаьхьашха тӏе автомат хӏоттийна, лаьцна вигна, таӏӏийна вагон чу а воьллина, тӏехула тӏе аьчган зайл хьовзийна, неӏаре автоматчикаш а хӏиттийна, цхьана беттан некъа генна махка а вигна, хьо охьатесча? Хӏай-хӏай!
– Оьгӏаз ма гӏохьа, Лоьма, – агӏо цӏерехьа а хьовзош, цуьнгахьа вирзира Юра. – Оха цӏеначу даггара хоьтту. Ткъа хьо? Нийса ма дац иза. Адаш бакълоь. Наха тайп-тайпана дуьйцу дела, бакъдерг хаа ма лаьа тхуна.
– ӏовдалш дийца бита аш. Хӏаъ, ду, дера-кх, тхо-м бандиташ, къуй, йамартхой, фашисташ а. Кхин йисиний тхуна тилла цӏе?
– Йуха а карзахвуьйлу!
– Тӏаккха ткъа? Оха бакъдерг аларх, тхох теша ца теша. Тхо адамаш ма дац, адамашдаархой ду.
– Харцлоь хьо, Лоьма! Хьуна хьайна а хаьа тхан дагахь и доцийла! Цхьацца боьхачу нехан дегнаш иштта хилар тхан бехк бац.
– Шайна луъург мотта. Суна-м йовха а, шийла а йац!
Тӏедеттачу догӏанна жимма лагӏдала дага а ца догӏура. Мелхо а, хьалхарчу ломана тӏехула дорцан кӏур хӏоьттинера. Берса реза вацара Лоьмин кӏоршамечу жоьпашна. Адашбай, Юра а ӏаламат догдика, эсала ши кӏант ву. И шиъ, гергарло дезаш, Лоьмина тӏегӏерта, ткъа Лоьмас уьш йухатоьтту. Дика ма дац иза.
– Бакъдерг дийца дезара…, – ийзалуш, нохчийн маттахь бехк баьккхира цо Лоьме.