Дийнахь меллаша дӏаоьхура, суьйранна, цхьанхьа туп тохийта, гонах ха а хӏоттадой, совцадора. Тхан некъ лекхачу дукъаца охьа бара. Ткъа дукъаца къаьсттина а шийла хуьлу. Цхьана минотана а оха дог ца дуьллура тхаьш тхайн хӏусамашка йухадерзор ду бохучух. Амма кхоалгӏачу буса йаьхкина тхуна тӏехӏиттира тӏехула гатанаш тоьхна йолу американски студебеккерш. Царна тӏе а дохуш, герггарчу станцешка а дигна, даьхний дӏасалелочу вагонаш чудоьхкира. Уьш хиллера тхуна кечйина. Ши этаж полканаш йеш. Хӏор а вагонна чу – тӏекӏел 20-25 доьзал. Шайн сал-палца цхьаьна. Тӏаккха болабелира и ӏазапан беха некъ. Де-буьйса далале, цхьа хьожа хӏоьттира чу. Дийнахь цкъа-шозза бен чура ара ца довлуьйтура. Йуьстах ваьлла дан дезачу гӏуллакхо бӏарздора адамаш. Арахула дӏакъевлина неӏарш дӏа ца йоьллура, хьо леш валлахь а. Бовха кхача хьехочохь а дацара. Догӏмаш, тӏера бедарш бехйеллера. Мезаша хьийзадора. Йукъа йаьржира цамгарш. Дедда йукъа цхьаццанхьа эрна арахь эшелон сацийча, вагонаш тӏера охьадохура беллачийн декъий.
Новкъахь сецарш дукха хуьлуш, цхьана батте девлира тхо схьа ца кхочуш. Цхьанхьа станце кхочуш сатуьйсура цигара мукъана а тхаьш йуха цӏа дерзоре. Амма, шуна гуш ма-хиллара, ца дерзийра. Цхьа шо а кхечи, тахана-кхана цӏа доьлху бохуш. Шо кхечи нохч-гӏалгӏайн халкъ дуьненан карти тӏера дӏадаьлла, тхан ненан маттахь йоза-дешар доцу, радио чухула дош ца хеза, тхох лаьцна зорбанехь дош ца олу. Амма оха диканах дог ца дуьллу. Тахана шо кхаьчча а, цӏа ца диги тхо. Кханенга сатуьйсуш, цо диканиг дохьур ду бохуш, цунах маслаӏат деш, лийриг а ле оцу нана-даймахке сатуьйсуш, цуьнга кхойкхуш. Цо собар, хьуьнар луш деха тхо. Догӏур ду и де, мацца деана а. Цунах теша со. Тхо дерриге а теша…
Лоьмин хабар чекхделира.