Дехьа чу а кхайкхина, марвашас со йитахь? Везан Дела, тӏаккха со мича йаха йеза! Со хьанна тӏетовжа йеза! Со хьанна хьашт хир йу. Шаьш шайн синошна а хӏун дийр ду ца хууш бӏарзвелла ма хьийза массо а. Суна сайн нах карабаллац, со царна тӏекхаччалц кху, чохь йитахьара…»
Уьйриг хилла коьрте хьаьвзинчу оцу ойланаша Занун дегӏа тӏе хоршин керла чарп тесира. Кегийрачу тӏадамашца беснешна тӏехула догӏанах охьахьоьлхура дуьра бӏаьрхиш. Садукъо санна, логехь соьццра кийрара арагӏерта йелхаран къурдаш. Амма… амма маршо йала ца йеза делха гӏертачу дагна? Кийрахь сацо беза, тӏехтаса гӏерташ, кӏеж туьйсу бала…
Зану дехьа чу йогӏург хиларх догдиллина, Асвад, йуха а сехьа чу а ваьлла, цкъа-шозза йовхарш а тоьхна, цунна улло охьалахвелира.
– Зану…
– Хӏун боху ахь, кӏант?
– Хьо дехьа чу ма ца йели?
Асвада, цуьнан коьрта тӏера йургӏа меллаша дӏа а тесна, тӏе хьацар тесна догучу хьаьжа тӏе шен шийла куьг диллира.
– Хьо йоьлхуш ца хилла?
– Хӏан-хӏа, хьацар ду иза…
– Дехьа чу йалахьа цхьана сахьтана.
– Ас хӏун дийр ду цигахь?
– Хьоьга дан къамел дара сан, – Занун хьаьжа тӏе летта месаш дӏахьаькхна, нис а йина, беснеш тӏе масазза а куьг хьаькхира цо.
Зану меттахъхьайра. Амма, цхьана сохьтехь тӏех лаьттинчу хоршано чуьра са дӏадаьккхина, лозуш гӏелделлачу дегӏо аьлларг ца дора.
– Дехьа чу йала гӏора дац-кх соьгахь, кӏант. Хӏинца а хорша тӏера йалаза йу со. Айхьа аьндерг кху чохь алахьа, ас ладугӏур ду хьоьга…
– Корта вон лозу хьан? – коьрта тӏе йуха а куьг диллира цо, – хьо дехьа чу йалайелча, дика-м хир дара.
– Гӏатталур йац-кх со…
– Ца гӏатталахь, хӏун дийр ду ткъа. Кхузахь эр ду ас-м сайна ала луург, – аз хийцира Асвада… – Гой хьуна, Зану, суна ваша а, хьуна хӏусамда а эшаре ца хьожуш, Делан ӏожаллица Маил дӏакхелхина. Мел шена дукхавезарг валарх, висинарг ца ваьхча ца волу. Хенан йохалла велларг а вицло. Стага зуда а йалайо, зуда маре а йоьду. Ткъа хьо къона а, хаза а йу. Майрачуьнца цхьана шарахь бен ца йаьхна хьо. Майра веза хан йу хьан.
«Хӏан, хӏинца хуьлуш доллу со кхийринарг, – даг чу тесира Зануна, – йита а йитина, со арайаккха воллу хӏара…»