Цунна ца хиира иза вала воллучу хенахь а. Маил дӏавуллучу дийнахь нахаца цхьаьна кху кешнашка веара Николай Кузьмич, амма, баккхийчу нахана ша кешнийл чоьхьаволийла ца лаьийла а хиъна, арахьа сецира иза.
– Хӏаъ, доттагӏ, декъаза хили хьан ӏожалла, – элира цо, доккха са а даьккхина. – «Даймахкехьа! Сталинехьа!» бохуш, шийла автомат хьалха а лаьцна, фашисташна тӏе хийла атаке ихна хир ву-кх хьо. Иштта – эзарнаш нохчийн кӏентий а. Мила ву-те хьуна а, хьан жимачу халкъана а бохамна харц дош аьлларг? И хаттар ахь дукхазза а дира соьга. Ткъа суна ца хаьара хьуна жоп дала. Хӏинца а ца хаьа. Амма, хуур ду. Хено къастор ду дерриге а. Бехкеволчуьнга луьра жоп доьхур ду. Цунах тешалахь… Ткъа хӏинца паргӏат ӏилла хьо.
Догдоьхна Николай Кузьмич, ӏасанна тӏе а тийжаш, Зануна тӏевахара. Йуьхь-куьг дилина а йаьлла, шен йуьхьах йургӏанан маьӏиг хьоькхуш йоллура иза.
– Гой хьуна, хӏинца цӏанйели хьо. Дийцал хьайна хилларг.
– Хӏумма а ца хилла…
Занун бӏаьргаш йуха а хих дуьзира.
– Бакъ дац и. Хӏуъу хиллехь, а цхьа цатам хилла хьуна. Суна цкъа а ца гина хьо иштта гӏийла, догдоьхна.
– Хӏумма ца хилла, Николай. Дуьххьал дӏа са а гатделла, Маилан коша тӏе хӏотта йеанера со…
– Ткъа мотт-гӏайба стенна лелайо ахь гихь?
Шен бӏаьргех хьаьлхина хиш къайладаха дагахь, карара диг охьа а дожийна, иза схьаоьцучуха охьатаьӏира иза.
Цкъа ойла хуьлура цуьнан шена хилла бохам цхьаьнгге а ца бийца. Амма зудчунна кийрахь сецо тӏех беза бара цуьнга кхаьчна бала. Ша иза балхийча, жимма а синна паргӏато хир йолуш санна хетара. Ткъа мила ву цул тӏаьхьа, Николайна санна, Маил везнарг? Цхьа а вац. Хӏуъу хилахь а, дуьйцур ду цо. Амма Зануна ӏаламат кӏезиг хаьа оьрсийн мотт. Ткъа цуьнгара бала балхо-х ненан мотт а тоьур бац.
– Чуйаха меттиг боцуш йисина со…, – элира цо, беснеш тӏера бӏаьрхиш пӏелгашца дӏа а хьоькхуш.
– И бохург хӏун ду? Хьо марваша волчохь ӏаш йу, ма элира ахь селхана. Цо ара-м ца йаьккхина хьо?
– Хӏан-хӏа! Нохчийн закон дац хьаша йа гӏаддайнарг а чуьра аравоккхуш. Уьш шаьш а халла бохкура…
– Ткъа хьан хьайн гергара нах бац?
– Бу. Амма мичахь бу а хаац.
– Хӏаъ, хьо-м царах хаьдда лелий. Дицделлера суна.