Занус гӏайгӏане корта хьовзийра.
– Хӏан-хӏа, Николай. Со-м хазахета а ӏийр йара шуьца. Суна сайна а атта хир дара. Амма шена луург дерриге дан а ца тарло.
– Хӏунда?
– Ши бахьана ду суна новкъарло йийриг, – Занус доккха садаьккхира, – цкъа-делахь, гергара стаг а воцуш йолу къона со, нохчех дӏа а къаьстина, йуьстах йаха охьахиъча, наха цхьа эладита кхолларна кхору. Шолгӏа-делахь, массеран а боцу аьтто сайна а лехна, дӏакъаста а ца лаьа. Массарех хирриг хир сох а.
Николай Кузьмича ойла йира. Занус далийна бахьанаш нийса хийтира цунна.
– Ткъа мичахь ӏен йоллу хьо?
– ӏабдул-ӏаьзам волчу а йахана, цунах дагайер йу со. Хелипатан хӏусамехь ӏен а мега.
– ӏабдулла ӏаламат дика стаг ву. Цунах дагайала мегар ду. Хӏун ду а хаац, иза гича, сайн да гича санна хета суна. Тӏехула тӏе, и миска, хьо санна, шен нахах хаьдда висина а ву. Амма цхьа хӏума тӏедуьллу ас хьуна. Суьйранна тхайца пхьуьйре йар. Хӏинца цкъа-м аьшпаш боьттина кӏелхьарвер ву со Машас бартбеттарх. Делахь хӏета, йуха вайна галлалц!
Зану, дӏа а йолайелла, йуха а сецира.
– Николай, – йистхилира иза халла хезаш. – Ткъа со… со балха маца йола?
– Кхана ӏуьйрре йогӏур йу, хьомениг. Цунна сапаргӏат хила. Дерриге а суьйранна дуьйцур ду вай. Ой, маьӏӏаргонна вицлора-кх со! Хьо йогӏуш ӏабдул-ӏаьзам а, Берса а валавехьа. Ас а, Машас а, чӏогӏа дехар деш, кхайкхина, ала. Башха шуна бан там-м бац тхан, амма йерг даккхийдеш лур йу.
…Ткъа стигал, кхоьлина, йухайерза ца туьгуш тӏейоьлхура. Некъа йистехула охьадолчу хорша буркъаш туьйсуш, керчаш, хьере хьаьлхина йоьлхура мокха ӏовраш. Амма Зануна хӏинца ца хаалора и шийла догӏа а, мох а. Цхьа сахьт хьалха йазйелла йегош хиллачу настаршна чу ницкъ беанера, ког байбеллера, паргӏат доӏура са а.
– Зану! Ца йогӏуш ма ӏелахь! ӏабдул-ӏаьзам а, Берса а валавелахь! – хезира цунна тӏаьхьабетта мохь.
Занун бӏаьргех хьаьлхина хиш беснешна тӏехь догӏанах дӏаийра. Амма уьш цхьа сахьт хьалхалера хиш дацара. Хӏинца иза йоккхайерца йоьлхура. Муха ца йоьлху? Иза хӏинца цхьа йац. Ткъа, хьанна хаьа, Маила ма-аллара, хӏинца Николайс ма-чӏагӏдарра, иза-м цхьана дийнахь шен дех-ненах, йиша-вешех а кхетта, Даймахка цӏа йерза а мегий…