Йеъна кхе́чи
Хаза бӏаьстиэ,
Малончина
Йу и даьстиэ.
Жухарг хилла
Хьийза моза.
Биэшахь хьо́за
Диэка говза.
Полла хьийза
Мохиэхь ловзуш,
Кхаьънаш до́хуш,
Кха тӏе кхойкхуш.
– Гуо́та йаккха,
О́хуш латта,
Мекха баккха,
Дуохуош латта.
Дӏадиэ йалта,
Тосуш хӏу,
Кенаш латуор,
Хилахь ӏу.
Рогӏиэхь хуьйцуш
Сийна бӏаьстиэ,
Йогӏий кхо́чу
Тайна аьхкиэ.
Мангал туса
Кечйе нуьйжа,
Кечйе гӏайракх,
Кечйе аьлха.
Ирзу даккха,
Хадош колл,
Тӏаккха йаккха
Хир йу йол.