Йуха чухьаьдира зингат, ткъа кхин а жимма хан йаьлча, боккха кӏен буьртиг а текхош, гучуделира. Хӏинца коьртаниг дара цӏехьа боьдунекълахар. Дукха лийлираЧонгатуьйлигебоьдунекъ ца карош, амма, цхьа хан йаьлча, цунна хезира дуккха а зингатийнаьзнаш.
Уьш бара суьйранна цӏа боьрзуш болу иччархой а, таллархой а. Цкъа дагадеараЧонгина, мохь а аьлла, царнадуьхьалхьада. Амма, эхь хетта, сецира. Цаьрга а ца хоттуш, тӏаьхьа ма деънераЧонгацарна. Иччархойдӏа а бахийтина, царна тӏаьхьагӏоьртира иза.
Чонгинкъенадада вара, сарралц шен кӏант ца карийча, сагатделлаараваьлла. Амма иччархой а, таллархой а цӏа бирзинера. Жима Чонга дацара цхьанхьа а гуш. Эххар а, туьйлиганкевнаш дӏакъовла герга долчу хенахь гучуделираЧонга а. Инзаре боккха кӏен буьртиг бара цо беънарг, массо а зингаташцецдохуш. Цуьнан къенадададовдан дагахь хиллера, ткъа цунна хари чохь карийначу кӏех дерг хиъча, кхечуиччархоша иза хестош а хезча, шен кӏантах дозалла деш, жимма «гӏам-гӏим» а дина, сецирадада. Цу дийнахь дуьйна Чонгех бакъдолу иччархо-зингат хилира.
2005г.