Гӏалехначу лай тӏе ӏена гинсу,
Буьйса йуьйлу беттан багара.
Мичхьа ӏа хьо, де́да ваьхна ирзу,
Мукъам белхош попан, баганан?
Мичхьа ӏа хьо, хьайн да́ велла диснарг? —
И цхьа хаттар, хилла йилбазмохь,
Доьлху, даьржа, кхетий анайистах,
Доьлху, даьржа, доькъуш дилха дог.
Мохо лоькхуш не́хан синойн саьлнаш,
Хьо дӏадайна хир-кха тӏепаза,
Догӏа санна, доьлхуш лекха лаьмнаш,
За́ма йаьлча не́хан цӏе ганза.
Хе́но ловзош хьаннийн хотийн кийрахь,
Хьо дӏадайна хир-кха, бо хилла,
Алмаз санна боьлхуш мокха кхийра,
Гича урдаш къухо хьулдина.
Дола доцчу нахарх йоьлча мекха,
Хьо дӏадайна хир-кха, йар хилла,
Кӏордадина лардан къора некъаш.
Мапхе, лаьтте гӏайгӏа йалхийна.
Мичхьа ӏа хьо? — И цхьа хаттар ду сан
Да́ла хӏокху дикчу бӏешере.
Мичхьа дай хьо? — И цхьа лазам бу сан
Йелхо, беко иллехь, э́шарехь.
Хаьа иза дукха а́кха буйла,
Карадарх а маьӏна, бахьана,
Хаьа иза дукха цхьалха буйла,
Хаьа буйла шийла, бахьара.
Хаьа, амма хааро ца кхачош,
Лаам бу сан — лазам, йилбазмохь.
Йелха аьлла, хе́нан бӏаьрса кхачош,
Баржа аьлла, доькъуш дилха дог.
Хаьа, леларх дикчу не́хан го гуш,
Веларх, велхарх, вузарх кха́чанах,
Ирсе хиларх, со кху лаьттан бо дуй,
Висахь де́дайн кхерча кха́чанза.
Ас цунде́ла хоьтту хӏокху буса
Лаьтте́, нахе, хьаннийн гӏайгӏане,
(Со мел ве́ха, и цхьа хаттар ду сан,
Тӏулгал тийна, бӏаьрхил кхайкхаме):
Мичхьа ӏа хьо, де́да ваьхна ирзу,
Мукъам белхош попан, баганан?..
Гӏалехначу лай тӏе ӏена гинсу,
Буьйса йуьйлу беттан багара.