Цхьана мискачу стеган цхьа кӏант хилла. Ша́ валале, да́с весет дина кӏанте:
— Варий, варий, аса ца аьлла, о́лийла дац хьу́на, куьйсачу стагана балха ма хӏотталахь, куьйса стаг сутара а, тешам бо́цуш а хуьлу хьу́на, — аьлла.
Да́ веллачул тӏаьхьа, кхин дан хӏума а ца хилла, чухӏотта цхьана йуьрта вахана кӏант.
Дуьхьалаваьлла кхунна цхьа куьйса стаг.
— Ахьа хӏун леладо, жима кӏант? — аьлла, хаьттина цо.
— Со-м цхьанна чухӏотта бо́хуш веъне́ра, — аьлла кӏанта.
— Со ву-кх балха хӏотта стаг лоьхуш, — аьлла куьйсачу стага.
— Хӏан-хӏа, куьйсачу стагана балха ма хӏотта, аьлла, весет дина соьга сан да́с, аьлла, дӏаволавелла кӏант.
Тӏе кхин бедар а йуьйхина, дехьахула хьаьвзина веанчу тохарлеррачу куьйсачу стага хаьттина кхуьнга:
— Ахьа хӏун леладо, жима кӏант? Хьо ма лела? — аьлла.
— Со-м болх лоьхуш ма лелара, — аьлла, жоп делла, хӏумма а шек во́цуш кӏанта.
— Со ву-кха балха хӏотта стаг лоьхуш, — аьлла куьйсачу стага.
— Хӏан-хӏа, куьйсачу стагана балха ма хӏотта, аьлла, весет дина соьга сан да́с, — аьлла кӏанта.
Дехьо ваьлла хӏара воьдуш, кхин духар а дуьйхина, веана дуьхьал а ваьлла, йуха а тохарлеррачу куьйсачу стага хаьттина:
— Ахьа хӏун леладо, кӏант? — аьлла.
— Болх лоьхуш лелара со-м, — аьлла кӏанта.
— Со ву-кх балха хӏотта стаг лоьхуш, — аьлла куьйсачу стага.
— Ванах, шу дерриге а куьйса-м дац хӏокху йуьртахь мел дерш а? — аьлла, цецваьлла кӏант.
— Ду де́ра, — аьлла куьйсачу стага.
— Делахь, со хьу́на балха хӏоттаза вер вац-кх. Бинчу балхана йал мел лур йу ахьа? — аьлла кӏанта.
— Вайшиннах хьалхе дохковаьллачо лур йу йал: атйокх йеккалц даош-малош кхо́бур ву ас хьо. Ре́за вуй хьо? — аьлла куьйсачу стага.
Оцу тӏехь барт а хилла, кӏант кхунна балха хӏоьттина. Цӏа ма-кхеччи, къуйсачу стага аьлла кӏанте:
— Хӏара ворда а йожий, хьайца хӏара э́р а еций, дечиге гӏо вайна. Э́р эккха-еккхачу эккхар ву хьо хьайн ворданца.
— Дика ду, — аьлла, вахана, дечиг а дахьаш, э́р лелх-лелхачу а лелхаш, цӏа во́гӏуш хилла кӏант. Шайн ке́тӏа ма кхеччи, дахана э́р, ке́тӏарчу утармин ӏуьргах чекхъиккхина.