«Ладогӏал соь́га! Хиъча дика ду шуна, оьшур ду. Хьалха за́манахь зудабе́р дехна дига дезаш дара синкъе́раме йа ловзарга. Кӏант ца кхайкхича а хӏинца а ваха бакъо йолуш ву синкъе́рам бу аьлла хезначу. Масане нисло, де садовнга лестина новкъахь хьейелла йисина йо́гӏу жима зуда йа зудабе́р дӏакхетадора вешийла деш улле ваьллачо. Зуда ше́н цӏакхетош веанарг ке́тӏара дӏа а ца воьдура. Вахча нийса а да́цара, иза эхь дара. Лела ца хаар ло́рура. На́хана хӏун хаьа иза мила ву, зуда мичара йо́гӏуш йу? Ваша, шича велахь а, хуьлийла и стаг эвлайаъ санна оьзда а. Зуда на́ха суьйранна цӏакхетош йелахь, иза ца гуш йуьсур йац во́гӏу-воьдург ларвеш ӏаш, э́ладитанаш чоьте́ е́цар бен деш хӏумма до́цуш ӏен лула-кулара зуда. Цуьнан бала ма бац-кх и стаг милла велахь а. Цунна гуш дерг «хье не́хан йоӏ буьйсанна цхьана стагца цӏа йо́гӏу» сурт ду. Зуда чуйахийтина ша́ йухавирзина дӏагӏу́р вац нохчийн гӏиллакх дика девзаш, оцу гӏиллакхан маьӏна ма-дарра хууш волу стаг. Зудчун на́хана тӏе эвхьаза керта во́гӏур ву ша́ шена некъ эвхьаза битинарг. «Со хье не́хан-ми не́хан кӏант ву. Со шу йоӏ схьакхетош веана а ву», – аьлла ша́ хье́нан, мила ву вовзуьйтур ву цо.
Хьалха иштта дара. Зудчунна во дош аьлларг жоьпе озош вара. Тахана санна хетарехь зудчунна хӏума а́ла ца хӏуьттура нах.
Ткъа хӏинца хӏун ду?! Ӏаржйеллачу хе́нахь машенара охьайоьссина чуйо́гӏу зуда. Тӏаккха лу́лахоша, на́ха шайн мотт мел керчарг дуьйцу цунах ло́ций. Цулла атта дар-кха нохчийн гӏиллакх лелош велахь иза чекхдаккха хьаьжча. Нохчийн гӏиллакхан йуьхь а, чаккхе а ма йу. Ша́ ларйелла а ца ӏаш, ше́н цӏарах не́хан кхоллалло ойла а ларйан йезаш гӏийла ма йу зуда», – дийцира Де́цас.
«ӏалелай, Де́ца! Ма дукха хье́къал делла хьу́на Да́ла. Тху́на а лаьара хьо санна хила!», – даккхийдора бе́раш шайн дейишех.
«Делахь сан Де́ца йо́цу а йу дукха хан. Шун Де́ца а гӏу́р йу ше́н хан тӏекхаьчча дӏа. Де́цагӏара ца лаьтта…Тахана ас шуна дийцинарш дийца хьожур йац телевизор, телпо. Цундела, и дӏо́гарчу шкафан терхе́наш тӏехь лаьтта нохчийн йаздархойн книгаш гой шуна? Шарахь цхьаъ йешна а царах йоьшуш хилалаш. Сол эзарза сов а хье́къале а, ирсе́ а хир ду-кх шу, Да́ла мукъ лахь!», – аьлла весетах тера хьехар дира Де́цас.
Зайнап Эльдерханова