Маре йаха хан кхаьчна йоӏ а, къона жерой а церан шайн бертаза, нуьцкъах маре бохуьйтуш. Зуда а, бераш а долчу нахе а. Зудчунна йаха а, стагана йига а ца лаахь а. Боьрша нах тӏамехь бойуш, уьш кӏезиг бара, ткъа зударий алсам бара, цундела боьршачу стеган цӏахь зуда а, бераш а делахь а, шолгӏаниг йигар нуьцкъах тӏедожадора. Шемала лелочух-м кхетара ӏела. Тӏамо хӏаллакден адам, къаьсттана божабераш, дебо ӏалашо йолуш дора цо иза. Тӏе, марехь а боцуш, ӏаьӏна къона зударий хьарам новкъа ца бовлийта, церан сий, оьздангалла ларйан а дора. Шена ца везачу стаге йа зудчунна а, берашна а тӏе маре йаха ца лаьа зуда а, шена ца йеза зуда, йа зудчунна а, берашна а тӏе зуда йига ца лаьа боьрша стаг а зиндан чу кхуссура, уьш реза хиллалц ара а ца бохуш. Оцу зиндан чохь йоккхучу хӏора буьйсанна тӏера цаьргара цхьацца эппаз гӏуда а доккхура.
– Шариӏат талхош хиллехь а, ӏаламат хьекъале стаг хилла и шун Шемал, – элира Сулеймана, ӏеле ла а доьгӏна. – Зуда йало хан кхаьчначу боьршачу стагана, шега йогӏуш йелахь, зуда йалор а, ткъа йоӏана маре йахар а тӏедожадо шариӏато. Зуда ца йалош а, маре ца йоьдуш а ӏер доккха къа лору бусалба динехь. Цкъа-делахь, адамийн хӏу таса Дала дуьнен чу даьккхина ду и шиъ, шолгӏа-делахь, шариӏатехь гайтинчу некъашца марехь йоцу зуда а, зуда йоцу боьрша стаг а зинан новкъа бовла тарло. Иза ца хилийта, цунах адамаш лардан, бусалба дино тӏедожийна зуда йало хан йолчу боьршачу стага зуда йалор а, маре йаха хан хилла йоӏ, къона зударий маре бахар а. Амма ца йеза зуда боьршачу стаге нуьцкъах йигийтар а, ца везачу стаге нуьцкъах зуда маре йахийтар а дихкина. И шиъ ший а реза хила деза шайн маренна. Оцу тӏехь шун Шемала шариӏат талхийна.
Сулеймана дийцинчун ойла а йина, цхьа масех де даьлча, йуха а оцу хаттаршна тӏевирзира ӏела:
– Сан къона зуда йисина цӏахь жимачу шина кӏантаца. Тхан къоман ӏадатехь, со цӏа верзаре ладоьгӏуш, маре ца йоьдуш ӏен йеза иза. Суна тоьхна итт шо хан тоххара чекхйаьлла. Сан зудчунна а, гергарчарна а сох хилларг ца хаьа. Со велла бохуш, дог диллина ӏаш хир бу уьш. Со даймахка, доьзална тӏе йухавоьрзург хиларх ас а дог дуьллу цкъацкъа. Тӏе, ӏожалла а ма йу когаш кӏел. Сан зудчо, маре ца йоьдуш, соьга