Кӏант-м, хьаха, ву Аьрсамирзин хила ма-веззара. Ӏожаллин де тӏекхаьчча, цунах кӏелхьара ца волу цӏахь а, арахь а. Тӏорказ чу дӏалачкъийча а. Дала йаздиннарг хир ду. Аьрсамирзас ша-м, собаре хилла, сатухур дара. Ткъа оцу йоккхачу стагана хӏун дийр ду, ца хаьа-кх цунна…
Аьрсамирза шен ойланех йукъахваьккхира цӏеххьана майданахь хӏоьттинчу тийналло. Эххар а кхуза схьавеана пурстоп къамел дан вуьйлира.
– Тахана шуьца цхьаьна, керлачу законна тӏе а доьгӏна, йуьртан урхалла хоржур йу вай, – волавелира иза йишхаьллачу озаца. – Амма харжамаш бале хьалха нохчаша шега йаздинчу дехарна Кавказан наместнико, цуьнан локхалло Воронцов-Дашковс делла жоьпаш довзуьйтур ду ас шуна. Лаьттан гӏуллакх къасто леррина комисси вовшахтухур йу, аьлла цо. Налогаш лахйаран гӏуллакх пачхьалкхан хьашташка хьаьжжина хир ду. Бехкбаьллачунна таӏзарна законехь догӏу гӏуда ца тоьхча а дер дац. Гӏалагӏазкхашна санна, шайна а герз лело бакъо ло, йа нохчашна санна, царна а герз лелор дехка, боху аш. Нохчашна герз лело ца хаьа. Герз долчу нохчочо, тухий, стаг вуьй, йа къоланаш, талораш дан араволу. Гӏалагӏазкхий паччахьан гӏортор йу, иза а, цуьнан ӏедал а чоьхьарчу, арахьарчу мостагӏех лардеш. Кхузарчу гӏалагӏазкхашкахь герз дуьту, шун зуламех кхузара ӏедал а, оьрсийн бахархой а ларбан, кху областехь машар, синтем латто. Керлачу законаца шуна бакъо йелла йуьртда, писар, къеда, молла, йуьртан урхалле къаной харжа. Аш хаьржинчу оцу урхаллин бертаза йуьртан гуламаш бар а доьхку шуна керлачу законо. Нагахь санна йуьртан гулам оьшуш хьал хӏоттахь, цара кхойкхур бу иза. Аш йуьртда а, писар а харжа билгалвина ши стаг оцу дарже харжале округан начальнико къобалвина а, хаьржинчул тӏаьхьа цо чӏагӏвина а хила веза. Ткъа къаной, къеда, молла харжар дерриг а шун лаамехь дуьту. Муха нах хила беза йуьртда, писар, урхалле хоржурш а? Хьекъале, собаре, догцӏена, шуна йукъахь нийсо йийр йолу нах хила беза…
– Хӏинццалц аш хӏитториш барий ткъа ишта? – мохь туьйхира цхьаммо.