Со кхеравала а, цецвала а хӏума ца дисина дуьненахь. Ткъа ахь ирхъоллийтахь а, Сибрех вахийтахь а, сайн дахар кепекан меха ца хета суна. Хӏокху дуьненахь сайн декхар кхочушдина ваьлла со. Цул а, суна эрна кхерамаш а ца туьйсуш, айхьа со схьа хӏунда кхайкхина, дийцахьа.
Канцелярин кертара арабевллехь а, гена ца бовлуш, цхьаццанхьа тобанаш а йина, севцнера нах. Царах кхеравеллера а, хаац, йа ӏелина кхерамаш тийсар эрна хиларх кхеттера а, хаац, кхерамаш тийсар а дитина, паргӏат къамел дан вуьйлира Хамов:
– Хьо Сибрехара цӏа веача, цига гулбеллачу нахана хьалха ӏедална дуьхьал ахь дина крамоле къамел хаьа тхуна. Хӏокху йуьртахь адамаш карзахдаьхнарг хьо а, Хортаев Овхьад а ву. Нагахь санна ашшиммо и питане мотт-эладитанаш ца дитахь, шуьшиъ лаца дезар ду сан. Иштта бу округан начальникан Галаевн лаам.
Тӏаккха Хамовс ма-дарра дийцира, Сибрехара цӏа веача, ша волчу гулбеллачу нахана хьалха ӏелас дина къамел.
– И къамел ас дар бакъ ду, господин пурстоп. Амма цул тӏаьхьа шуна тӏекхехьна мотт шаберг а харц бу. Со къена ву, сан могашалла дика а йац. Со цкъа а йуьртан гуламехь а ца хилла, атталла пхьоьхана а ца вуьйлу. И цхьаъ ду. Шолгӏа-делахь, хӏокху ӏедална мел реза вацахь а, сой, Овхьаддий дуьхьал ву цунна герзийн ницкъашца дуьхьало йарна, адамийн цӏий ӏанорна, хӏокху махкахь бехачу машаречу оьрсашна зуламаш дарна. Иштта тхойша дуьхьал ву ӏедало нохчашна тӏехь латточу лоллина, ӏазапна, цуьнан къизаллина. Тхойшинна луург хӏокху махкахь ӏедало хӏоттийна чолхе зуламе, бохаме хьал машаречу некъашца, российски законашца къастор а, нисдар а ду. Амма ӏедална ца лаьа иза дан. Нохчийн махкахь барт, синтем, машар хуьлийла. Къаьмнашна йукъахь барт а, машар а хуьлийла. Иза хьоьга дийцар эрна дуйла, хаьа суна. Коьрта бехкениг ӏедал ду. Хьо мила ву? Йукъалеларг. Хьайл лакхарчеран карахь тайниг, куьйга ловзо пелхьо. Округан начальнико хьайна тӏедиллинарг схьадохьуш вогӏу, кхузахь тӏуртӏаз валлалц къаьркъа а муьйлий, дӏавоьду. Хьалха гуламехь йуьртан урхалла хоржуш, ӏедало а, йуьртарчу наха а къастийнарш а харжий, хӏара гӏуллакх машаре дӏадерзадахьара аш, элира шуьга Овхьада. Аш иза ца дира. Хьо Ведана, ткъа