Амма таханчул тӏаьхьа диканна а, вонна а хьан цӏе йоккхуш суна хазахь, ваханарг йуха ца вогӏучу дӏахьажор ву хьо. Хӏинца мукъа ву хьо. Цкъачунна.
Ша чу веача хаьттина маршалла дӏа ца эцначу пурстопан ӏодика а ца йеш, аравелира ӏела. Тӏаьхьаваьлла Саьӏад цунна хьеставала хӏоьттира.
– ӏела, хӏокху гӏуллакхна бехке со вац хьуна… Соьга хаьттина а, суна хууш а ца баьхкина хӏара дена неӏалт хиларш!
Соцунгӏа а хилла, оьгӏазе цунна тӏевогӏавелира ӏела:
– Гуш лаьтташ аьшпаш хӏунда буьтту ахь, Саьӏад? Айхьа ӏехо, со бер ду-м, ца моьтту хьуна? Хьуна хууш а, ахь бехна а баьхкина. Хӏара гӏуллакх хӏокху хьола тӏе ца далийта, хьалха хиллачу гуламехь Овхьада аьллера шуьга, шина а тобанах ах-ах нах а харжий, маслаӏате дерзаде. Иза ца дан, гуламера дӏадахара шу. Хӏара таханлерниг дан пурстоп схьавеача, йуьртарчу наха шаьш резаболу пхи стаг хаьржина, тхо а царна реза ду, оха шолгӏа харжамаш бийр бац, хӏунда ца аьллера аш?
– Ва, ӏела, оьрсийн йоза-дешар а, оьрсийн мотт а хууш воцчу, Соьлжа-Гӏала мичахь йу а ца хуучу оцу пхеа стага йуьртана тӏехь куьйгалла муха дийр дара? Цуьнан ойла ма ца йо уггар хьекъале волчу ахь а, Овхьада а?
– Куьйгалла ца далахь, шаьш дӏабевр бара йа цхьа шо даьлча, йуха харжамаш хилча, наха кхин хоржур бара. Йа аш гӏо дан ца мегара царна йуьртана тӏехь куьйгалла дан? Шун мотт-эладитанаша, шун питанаша, шун сутаралло мостагӏаллин шина тобане йекъна хӏара йурт! Кхузахь даха а, дала а, делча наха дӏадохка а ца деза шу? Аш йиний ткъа цуьнан ойла? И оьрсий йуьртана дуьхьал схьабало эхь ца хийтира шуна? Аш йуьртана йамартло ма йина, тешнабехк ма бина! Шун бехк бу берриг а, уггар хьалха хьан а болуш!
Саьӏад дуьхьал вистхила кхиале дӏавахара ӏела.
Бусалба динан ӏилма кӏорггера хууш а, иза халкъана йукъахь даржош а, адамаш цунах кхетош а, нисдеш а къахьоьгуш дуккха а ӏеламнах бара нохчашна луларчу Дегӏастанахь. Царах цхьаберш гӏарабевлла бевзара туркойн, ӏаьрбийн мехкашкахь. Дегӏастанара цхьаболчу ӏеламнаха бусалба динан ӏилма ӏамийна а ца ӏара. Царна йукъахь бара философин, математикин, астрономин, географин ӏилманаш хууш нах а. Петарбухехь, Москох университеташкахь хьехархо вара масех дегӏастанхо.