белла, йуьртана эхь дойла йанне а йац.
Делкъал тӏаьхье а дӏайахара, нехан барт ца хуьлуш. Ахьмада лерина ладоьгӏура массаьрга а. Цунна шена а ца хаьара, хӏун дича бакъахьа хир ду. Ткъа баттахь кхузахь лаьттича а, оцу нехан цхьабарт хир бацара. Къуьйсура, оьгӏазъоьхура, чуьччагӏертара. Ӏелех дагавала сацам бира Ахьмада.
– И гӏовгӏанаш совцайай, цкъа ладогӏал, нах! – мохь туьйхира цо, хьала а гӏеттина. – ӏуьйрре дуьйна хӏара гӏовгӏанаш йеш, хӏокху шелехь лаьтта вай. Амма, ва Дела аьлла, барт хуьлуш бац. Баттахь лаьттича а, хир бу ала, меттиг а бац. Шу хӏора а шен-шен дош тӏехула дилла гӏерта. Тахана вайн йуьртана тӏехӏоьттинарг хала, кхераме киртиг йу. Цунах кӏелхьардовла шуна некъ ца карабо. Аш массара а бертахь, массо а реза волуш, йуьртан дола дан хаьржина тхо пхи стаг ву. Доша воцург, важа виъ кхузахь ву. Нагахь санна шу реза делахь, тхо виъ – Аьрсамирза, Лорса, Солта, со а – дика ойла а йина, вала везачарах дага а ваьлла, Делан къинхетамца, Делан гӏоьнца, хӏара гӏуллакх йуьртана сингаттам ца хуьлуьйтуш дӏадерзо хьожур ву. Оха йинчу кхелана реза хир дуй шу?
Жимма гӏовгӏанаш йинчул тӏаьхьа, цхьа а дуьхьал воцуш, массо а резахилира.
Маьркӏажан ламаз а дина, дог ца догӏуш кхачанах а кхетта, шен кхаа накъостаца ӏелех дагавала вахара Ахьмад. Хӏоьттинчу хьолах йурт кӏелхьарйаккха цхьаъ бен боцу некъ гайтира царна ӏелас. Цуьнан хьехамца Галаевна жоп йаздира Лорсас. Шолгӏачу дийнахь ӏуьйранна, туркх а вахийтина, Саьӏад, Хьуьси, ӏабди йуьртден канцеляри кхайкхира Ахьмада.
Тхов тӏе оьрсийн гераг а йиллина, ши цӏа а, лекха уче а, дика неӏ-кор а долу хӏара канцелярин гӏишло ша йуьртда волуш шен ахчанах совдегара Хортӏас йайтинера. Йуьртдена а, писарна а леринчу цхьана чохь аннех йина стол а, ши жӏай-гӏант а, чубаьхкинчу нахана охьаховша пенийн дохалла хӏоттийна аннех дина деха ши гӏант а дара, дуккха а шерашкахь нах тӏе охьахийшина шарделла, лак хьаькхча санна, къегаш. Неӏарехьа товха йара, кӏуьрзо ӏаржйина. Уллора цӏа шатайпа европахойн куьцехь, хаза кечдина дара. Бустамаш дохуш, кечдина когаш а долуш, тӏе ӏаьржа лак а хьаькхна, шуьйра, йеха стол а, иштта, хаза дина, тӏе баьццара бархат тоьхна, лекха